World News in Chechen

23 стаг велла дийнахь-буса. Къилбаседа Кавказера пандемин хьал

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь дIаваьлла коронавирус кхеттачу дархойх 23 стаг. Ун хьакхаделла кхин а 1262 стагах. Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаам.


Краснодар-махкахь COVID-19 кхетарца велла 10 вахархо. Ставропол-махкахь – 4, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь, Адыгейхь – кхоккха. Пандеми яьржичхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла лору официало 4269 стаг.


Де-буьйсанан а, юьхаьнца дуьйна схьайохьуш йолу а статистика иштта ю:



Ставропол-мохк + 239 (32646)
Краснодар-мохк + 180 (25849)
Дагестан + 152 (21889)
Нохчийчоь + 139 (7298)
ГIалмакхойчоь + 97 (13741)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 100 (14801)
Кхарачой-Чергазийчоь + 92 (142I2)
Адыгей + 94 (10128)
Къилбаседа ХIирийчоь + 88 (10128)
ГIалгIайчоь + 81 (11245)


Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх хааелларг ву 162 940 стаг. Ерриг а Оьрсийчоьнан и терахь ду 2 877 727.*


*Оьрсийчоьнан Iедалан статистико юкъалоцу аннексий инчу ГIирмера хьал а.




 

Читайте на сайте