World News in Chechen

Адамашна даха эвсара хьелаш долчу гIаланех ю боху Соьлж-ГIала

Оьрсийчоьнан Iедална гергарчу финансийн университето дахначу шарахь талламаш дIабаьхьна 250 эзар сов стаг вехачу гIаланашкара дахаран хьелаш толлуш. Къилба Кавказан а, Къилбаседа Кавказан федералийн а гонашкарчу хьолах зераш зорбане даьхна АЦ "Юго".


Дахаран хьелаш тIехсов эвсара хиларца билгалъяьлла Соьлж-ГIала. Тоьлла коммуналан система а, исбаьхьа некъаш а, дика некъан бахам а болуш, шеца некъан полици а, юкъара транспорт а лоруш, йолчу гIаланийн могIарехь нисъелла Нохчийчоьнан шахьара.


Цул совнах, Севастополехь а, Симферополехь а санна, Соьлж-ГIалахь а уггар машаре нах беха, девне боцуш, меттигерчу Iедалхошца юкъаметтигаш конфликте йоцуш.


Бизнес лелорехь а, медицинехь а товш лерина Къилбаседа ХIирийчоьнан шахьар БуьритIе.


2018-чу шарахь "Domofond" олучу аналитикин компанино а дIахьедира, шаьш динчу зерашца, Соьлж-ГIалин бахархой уггаре а ирсе нах бу аьлла. Шаьш бахархоша лаккхара мах хадийна бохура цигахь, Соьлж-ГIаларчу некъашна а, машенаш дIахIиттайойлашна а, хьаша-да тIеэцарна а, шайн ирсан тIехсов лекха болчу барамна а.

Читайте на сайте