World News in Chechen

Олимпиадехь "Катюша" лакха а бакъо ца йитина Оьрсийчоьнна

Токиохь дIахьондолчу Олимпикан Ловзаршкахь  къоман гимнан метта гоьялла оьрсийн "Катюша" эшарх пайдаэцийтар дехначу Оьрсийчоьнна дуьхьало йина Лозаннерчу спортан арбитражан кхело (CAS). 


"CAS-н комиссина хетарехь, "муьлхха а Оьрсийчоьнца йоьзна гимн" бохург хьакхалуш ду хIора а Оьрсийчоь хьахочу, я цуьнца йоьзначу эшарца, хуьлийла иза "Катюша" а",- аьлла ду кхелан хаамехь, яздо Associated Press гIирсо.

 


РБК агенталло билгалдаккхарца, Оьрсийчоьнан Олимпиадан комитете жоп дехна цара.


Допинган скандална тIехула стохка Дечкен-баттахь CAS-о таIзар дира Оьрсийчоьнна, шина шарахь Олимпиадехь пачхьалкхан байракх айба а, гимн лакхийта а дехкарца. Цул совнах шина шарахь бакъо хир яц Оьрсийчоьнан шайн дозана тIехь дуьненан Кубкаш дIаяхьа а, Олимпиадаш хIиттон а. Иштта санкцеш туьйхира цхьа могIа хьаькамашна а.

Читайте на сайте