World News in Chechen

Джо Байдена телефонехула къамел дина Путин Владимирца

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена Охан-беттан 13-чохь телефонехула къамел дина Оьрсийчоьнан президентца Путин Владмирца. Дийцаредина регионан а, глобалан а гIуллакхаш, герзашна тIехь терго латторах а, стратегин стабилаллах а долу бертан къамелаш меттахIитто дезаш хилар а хьахош. Стратегин герзаш лахдарх болчу бертан хан дIаяхъян еза аьлла хета Байденна. Оцу хьокъехь бу КIайчу ЦIийнан сайто бина хаам.


Призидента Байдена дIахаийтина Цхьаьнатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнан кибер-тIелетаршна а, харжамашна юкъагIертарна а шогга дуьхьаллаьттарг хилар.


Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ Украинан суверенитет а, территорин цхьаалла а ларъярехьа ю, билгалдаьккхина президента Байдена.




Цо сингаттам дIахьебина оккупаци йинчу ГIирмехь а, Украинан дознашкахь а Оьрсийчоьно шен тIеман ницкъ дебийна хиларца доьзна, кхайкхина Кремль гIоьртина лаьтта хьал аттачу даккхаре.



Стабилалла йолу а, тIаьхьалонах дерг ган таро йолу а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хьаштаца йогIу а юкъаметтигаш кхолла лаьа шена Оьрсийчоьнца, билгалдаьккхина президента Байдена, аьлла, шена бIегIийла хета Оьрсийчоьнан президентца кхоалгIачу агIонан территори тIехь цхьаьнакхетар – цуьнан Iалашо хир ю, Байдена бахарехь, Цхьаьнатоьхначу Шаташна а, Оьрсийчоьнна а хьалха хIиттина хеттарш дийцаредар.




 


 

Читайте на сайте