World News in Chechen

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 22 дархо велла

Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 22 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 335 стаг.


Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар кхеттачех 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а шишша стаг велла, Адыгейхь а, ГIебарта Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина.


Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 1 012  стаг.


Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь, кIезиг къаьстина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а.


Краснодар-мохк + 100 (44 572 – ун даьржичхьана)

Ставрополан кIошт + 94 (52 209)

Дагестан + 44 (31 948)

ГIебарта-Балкхаройчоь+ 29 (23 530)

ГIалмакхойчоь + 15 (20 313)

Адыгей + 12 (14 331)

Къилбаседа ХIирийчоь+ 11 (16 636)

Кхарачой-Чепгазийчоь+ 10 (19 946)

ГIалгIайчоь + 10 (15 328)

Нохчийчоь + 10 (11 897)


Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хааелла 250 710 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь, оперативан штабан Охан-беттан 21-чу денна болчу хаамца, шайца ун хааделларг ву 4 727 125 * стаг.


*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера ковид-цамгаран хьелаш.

 

Читайте на сайте