World News in Chechen

Дийнахь-буса коронавирусах 25 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 377

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 25 пациент, цомгуш хилла кхин а 377.


Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 12 стаг. Ставропол-макхаь уьнах кхелхина – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а - шишша велла, Кхарачой-Чергазийчохь - цхьаъ кхелхина.


Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 989 стаг.


Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг ГIалгIайчохь.


Краснодар-мохк + 116 (50 452 ерриг хенахь)

Ставропол-мохк + 77 (56 064)

Дагестан + 68 (34 665)

ГIалмкхойчоь + 27 (21 202)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 22 (24 616)

Кхарачой-Чергазийчоь + 15 (20 697)

ГIалгIайчоь + 10 (15 998)

Адыгей + 16 (14 853)

Къилбаседа ХIирийчоь + 11 (17 175)

Нохчийчоь + 15 (12 518)


Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 268 237 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 316 826*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Читайте на сайте