World News in Chechen

Дийнахь-буса коронавирусах 42 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 828

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 42 пациент, цомгуш хилла кхин а 828.


Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 21 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 7, Дагестанехь - 2, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь а, а, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла.


Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 11 440 стаг.


Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь.


Краснодар-мохк + 211 (52 476 ерриг хенахь)

Ставропол-мохк + 167 (57 657)

Дагестан + 167 (36 311)

ГIалмкхойчоь + 78 (21 843)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 42 (25 039 )

Кхарачой-Чергазийчоь + 27 (20 969)

ГIалгIайчоь + 28 (16 261)

Адыгей + 27 (15 103)

Къилбаседа ХIирийчоь +26 (17 394)

Нохчийчоь + 55 (12 957)


Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 276 0I0  стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 585 799* .


*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

 

Читайте на сайте