World News in Chechen

Къилбаседа Кавказехь 64 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 1 298 – цомгуш хилла

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 64 пациент, цомгуш хилла кхин 1 298.


Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 27 вахархо, Дагестанехь - кхойтта, Ставропол-махкахь -ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь - виъ, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - кхоккха, Адыгейхь - цхьаъ.


Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 623 стаг, боху официало.


Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Адыгейхь.


Ставрополь-мохк + 299 (62 728 ву пандеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт + 253 (57481)

Дагестан + 203 (40 504)

Нохчийчоь + 126 (15 221)

ГIалмакхойчоь + 116 (24 111)

ГIебарта-Балкхаройчоь+ 83 (26 483)

Къилбаседа-ХIирийчоь+ 57 (18 381)

Кхарачой-Чергазийчоь+ 55 (22 038)

ГIалгIайчоь + 56 (17 304)

Адыгей + 50 (15 966)


Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 300 217 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Товбеца-беттан 29-чу денна и терахь ду 6 126 541*


*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.




 

Читайте на сайте