World News in Chechen

Митингехь ницкъхойх тийсавеллачу Джумаевна ялх шо дехна прокуроро

Дечкен-беттан 23-чохь оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша хIоттийначу митингехь полицин белхахойх латарна Москварчу пачхьалкхан университетан студентна Джумаев Сайд-Мухьаммадна колонехь даккха ялхо шо хан тохар дехна Москварчу Тверскойн кхеле прокуроро.


"Кхелан кхеташонехь прокуроро тIаьххьара а юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь такха ялх шо хан тохий таIзар дар дехна", - аьлла РАПСИ агенталлица къамел динчо.


Джумаевга бехк кховдийна Iедалан векална ницкъбаран артиклехь кхо зулам дарна.  Хьалхо Джумаев Сайд-Мухьаммадна пхи шо хан тоха догIу набахтехь такха, аьллера Iедалан цIарах бехктIехьочу агIоно. Цул тIаьхьа юха а кхачам боллуш гIуллакх талла сацам бира кхело.



Навальныйн агIолоцуш дIаяьхьначу митингера яьржира Джумаевх тера стаг полицин ницкъех Iалашлуш, дуьхьаллеташ. Полисхойх латарна бехкевира иза ша лацанза, лохуш а волуш. Псковна гергахь лецира Дечкен-беттан 28-чохь, Европан Цхьаьнакхетаралле вахна, къайлавала воллуш хилла аьлла.
Дукха хан ялале Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама дIахьедира, нагахь санна иза Оьрсийчоьнан оппозицехьа вацахь, ша Джумаевн гIуллакх "дикачу агIор луьстур ду", аьлла.
Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Дечкен-баттахь элира, Кадыровс "дерриг дира цуьнан кхоллам аттачу боккхуш", амма Джумаев "кхин некъ хаьржина". Даудовна хетарехь, тIехь да воцуш кхиина Джумаев, вон Iамийна арено – аьлча а Оьрсийчоьно.




 

Читайте на сайте