Москвахь лаьцна бертаза Нохчийчу дIавигина Дагестанан вахархо
Дагестанан вахархо Селимханов ИбрахIим Москвахь лачкъийна, Нохчийчу дIавигина хилла. Бакъоларъярхойх лаьцна цуьнга дицийта Iалашонца вигинера иза, яздо "Медиазонас" "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машана" тIетевжина.
Москварчу "Новогиреево" метрон социйлана уллохь могIарерчу бахархойн духарехь, нохчийн маттахь къамел ден виъ стаг тIевеанера Стигалкъекъа-беттан 15-чохь Селимхановна. Цуьнгара кехаташ схьадаьхнера цара, Внуково аэропортехь Соьлжа-ГIала доьдучу кемана а хаийна, цигарчу полисхойн каравеллера. Кавказерчу ЛГБТ-н векалшна гIо дечу "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанех" лаьцна информаци хиттинера цуьнга.
Цхьа хан яьлча Соьлжа-гIаларчу Селимханов ненахошка дIавеллера, цигахь латтош хиллера иза полисхойн хаддазчу тергонехь. ХIетте а цуьнан ка яьллера ведда, Москва дIаваха. Полицига латкъам бина цо, ша лачкъорна.
Дуьненчуьрчу 29 пачхьалкхо карладаьккхина Оьрсийчоьнан Iедалхошна, Нохчийчоьнан дозана тIехь ЛГБТ-чу нахана тIаьхьабевлла лелар талла аьлла. 2018-чу шарахь Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллан (OSCE)эксперто дина хьесапаш ду кхузахь дуьйцурш. Цунна карийнера Нохчийчхь лелочу кхин долчу дуккхаъчу бакъонаш хьешарца, "тIаьхьа-хьалха ЛГБТ-н векалшна дуьхьал дохучу зуламех гуш долу тоьшаллаш" а.