World News in Chechen

ГIаттамхойх дIакхета лууш хиллачу Дагестанерчу шина вахархочунна таIзар дина

Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан тIеман кхело бехкаш дехкина Дагестанерчу шина вахархочунна Шамсудинов Шамсудина а, Омаров Султанна а гIаттамхойх дIакхета гIортарна. 6 а, 10 а шерашна хенаш тоьхна цу шинна, яздо Кавказ.Реалиино.


Талламан версица, 2019-чу шарахь Каспийскехь волчу заманчохь Омаровн а, Шамсудиновн а сацам хилла бакъо йоцуш вовшахтоьхначу герзахойн тобанехь Шеман дозана тIехь дакъалаца. ХIинжа-ГIалара Дубай доьдучу кемана билеташ эцначул тIаьхьа лаьцна и шиъ.


Кхелан сацамна хIинца а латкъам бан бакъо ю церан тIеман Апелляцин кхелехь.



Кху деношкахь тIеман кхело таIзар дира 37 шо долчу Аталиков Залимна, Стамбулехула ваьлла Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета Iалашо хиларна.
Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, кхеле кхаьчча, наха шаьш талламхошна дина дареш шайгара етташ даьхна, олий, дIахьедеш хилар.




 

Читайте на сайте