World News in Chechen

Шемахь тIом барна бехке вина ГIалгIайчуьра вахархо

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллан Несаран гIалан декъо бехктакхаман гIуллакх долийна 34-тта шо долчу меттигерчу вахархочунна дуьхьал. Цуьнан цIе йоккхуш яц.


Болчу хаамца, иза бехкевеш ву "федералан низмашца хила йиш йоцчу тIеман тобанна юкъахь леларна", хаам бу ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь.




Талламхоша дийцарехь, бехкевийриг Шема вахна хилла Охан-беттахь 2015-чу шарахь. Цигахь иза дIакхетта оцу мехкан президентана Асад Башарна дуьхьал йолчу оппозицин тIеман тобанах. Карарчу хенахь а ву иза, боху талламхоша, Шеман армин дакъошна дуьхьал тIом беш.

Читайте на сайте