World News in Chechen

Пермехь лазийначех исс стаг вон хьал долуш ву

Пермерчу пачхьалкхан университетехь герзаца динчу тIелатарехь лазийначу 20 стагах исс чолхечу хьолехь ву, яздо Свобода Радионо. Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министро Мурашко Михаила "Россия-24" телеканалан эфирехь Iораяьккхинчу информацица, дера чевнаш йолчарна дарба лелор ду Перман кIоштан дарбан цIийнехь. БарххIе а дархочунна амбулаторехь лоьрийн гIо кхачийна, царех шиъ дуьхьал хилла дарбан хIусаме охьавижа.




Оршотан Iуьйранна юридикан факультетанстуденто герз диттинера Перман пачхьалкхан университетан цхьахйолчу корпус чохь. Ялх стаг велира, 24-нна чевнаш йира. ТIелеттачунна а герз кхеттера иза лоцучу заманчохь. Дарбан цIийнехь ву иза. Бехкзуламан гIуллакх долийна хиллачу зуламах.

Читайте на сайте