ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 22 пациент, цомгуш хилла ву кхин а 398.
Iедалан статистико гайтарехь, Краснодар-махкахь COVID-19 кхетта 12 стаг кхелхина, Адыгейхь – кхоъ, Ставропол-махкахь а, ГIалмакхойчохь а – шишша, ГIеберта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а – цхьацца.
Къилбаседа Кавказехь берриг а пандемин муьрехь уьнах велла 11 011 стаг. Краснодар-мохк бу уггаре дукха нах коронавирусах белла, массанхьачул лахара ду и терахь ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а. Читать дальше...