World News in Chechen

Zello интернет-раци дIакъовла гIерташ ю Роскомнадзор

Яккхийн машенашлелорхоша шуьйра пайда оьцуш йолу Zello интернет-раци дIакъовла гIерташ ю Оьрсийчуьра Роскомнадзор урхалло. Цу хьокъехь цо провайдершка хьажийна кехат телеграм-каналехь зорбане даьккхина интернет-эксперто Климарёв Михаила.


Роскомнадзоро цIераш яьхна Zello дIалакъош дIакъовла езачу (subnet) сайтийн. Ерриг а уьш ю 36 Царах 26 Amazon-ан долахь ю.


Оцу машанаша латтош ду 15 миллион IP-адрес.  


Стохка Охан-баттахь Оьрсийчохь, блок хIоттийнеро Zello интернет-рацина. "Роскомнадзоро" дийцара цу мессенджеран долахоша информаци яржорца доьзна низам дохийна бохуш.


Яккхийн машенашлелорхоша шайн дуьхьалонан акцеш дIахьош шуьйра пайда эцара Zello-х.

Читайте на сайте