World News in Chechen
Март
2018

Новости за 24.03.2018

Radiomarsho.com 

Анаболикаш лохуш рейдаш йина Соьлж-ГIалахь

Наркотикашна тIехь Iуналла дечу урхаллан белхахоша 14 эзар анаболикаш олучу молханийн ботт яьккхина Соьлж-ГIаларчу аптекашкахь а, спортан кхача бухкучу туьканашкахь а, тренажеран чоьнашкахь а. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узело", чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхаллан белхахошна тIе а тевжаш. Дуьйцурш ду сихха дегIан оьзгарш тIекхоьтуьйту молханаш. "Кавказский узело" дийцарехь, кху беттан 16-чу дийнахь ницкъаллан структурийн куьйгалхоша молханаш духкуш бизнес лело нах гулбина хилла экономикан а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЧIогIа мох баларна ши кIошта ток йоцуш йисна Нохчийчохь

Нохчийчохь лаьмнашца йолу ши кIошта ток йоцуш йисна, чIогIа мох баларна. Цунах лаьцна хаам бина республикерчу МЧС-н урхалло, яздо Интерфаксо. Шинарин Iуьйранна чIогIа мох хилла Шаройн а, Итум-Кхаллан кIошташкахь. И бахьана долуш ток дIаяьлла цигахь. Тазбичи а, Тухсарой а ярташкахь жима-тIама дохийна иттех цIа. Карарчу хенахь тоькаца кхачо яр меттахIоттош болх беш бу говзанчаш. Кхин вийна а, лазийна а стаг вац.

Radiomarsho.com 

Zello интернет-раци дIакъовла гIерташ ю Роскомнадзор

Яккхийн машенашлелорхоша шуьйра пайда оьцуш йолу Zello интернет-раци дIакъовла гIерташ ю Оьрсийчуьра Роскомнадзор урхалло. Цу хьокъехь цо провайдершка хьажийна кехат телеграм-каналехь зорбане даьккхина интернет-эксперто Климарёв Михаила. Роскомнадзоро цIераш яьхна Zello дIалакъош дIакъовла езачу (subnet) сайтийн. Ерриг а уьш ю 36 Царах 26 Amazon-ан долахь ю. Оцу машанаша латтош ду 15 миллион IP-адрес.   Стохка Охан-баттахь Оьрсийчохь, блок хIоттийнеро Zello интернет-рацина. "Роскомнадзоро"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхелхина яздархо Берсанов Хож-Ахьмад

Нохчийчохь кхелхина вевзаш волу яздархо-этнограф Берсанов Хож-Ахьмад. Нохчийн меттан тоьллачарех говзанча вара иза. Ша цамгаро кIел витталц тIекхуьучу чкъураца кхетош-кхиоран болх дIахьош вара Берсанов. Цуьнан йозанаш тIехь массийта пьеса а хIоттийнера нохчийн театрехь. Царах уггаре а евзаш ерш ю «Дог майра Бексолта», «Ши ваша», «ЧIинхо», «Ирс лоьху Хьасан».  Берсанов Хож-Ахьмадан кадаьлла берашна лерина книгаш язъян а. Иштта ешархоша езаш тIеэцна Нохчийчуьрчу Iаламах цо язйина «Вайн махкара акхарой а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

The Hill: Болтон шен хьехамча хIотто лууш ца хилла Трамп цуьнан мекхаш бахьанехь

Iамеркан президент Трамп Доналд еххачу хенахь Болтон Джон шен Къоман кхерамазаллехула волу хьехамча хIотто лууш ца хилла цуьнан мекхаш бахьанехь. Цунах лаьцна яздо The Hill зорбанан гIирсо. Болтона твиттерехь яздина, "юьхьа тIе урс хьакха бохуш, хьехарш дарна баркалла, амма уьш дIадаша дагахь вац ша аьлла.   Болтонан мекхаш Трампана ца дезаш хиларх лаьцна 2016-чу шарахь яздинера The Washington Post газето. The New York Times газетан журналисташа а билгалдаккхара Трампа масийттоза забар йина хилар Болтонан мекхех лаьцна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Треберчу теIелатаран декъашхо хила мега зуда лаьцна Францехь

Треб гIалахь теракт хиллачул тIаьхьа зуда лаьцна Францин полицино. Иза цу тIелатаран декъахо хила мега аьлла, хета талламхошна. Цунах лаьцна дIахьедар дина Парижан прокуроро Моленс Франсуас. Иза ву Требехь хилларг толлуш. Iедалша йовзийтина тIелатар динчу стеган цIе. Иза ву 25 шо долу Мароккора схьаваьлла Лакдим Редуан. Зазадоккху-беттан 23-чохь цо машен ядийнера, цуьнан долахо а вуьйш. Цул тIаьхьа плисхошна герз диттинера цу стага, царах цхьанна чов а еш. Зуламхочо, туькана чу а ийккхина, закъалтхой лецнера. Читать дальше...