World News in Chechen

Чехин Iедалша Iамеркана дIавелла Оьрсийчуьра хакер Никулин

Чехин Iедалша Iамерке дIавелла Оьрсийчуьра хакер Никулин Евгений, хаам бо Чехин Радионо. Дицарехь цунна хIинцале а экстрадици йина Цхьаьнатоьхначу Штаташка.


Меттигерчу зорбанан гIирсаша билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан вахархо дIавелла Чехе визитаца Iамеркан Конгрессан Векалаллин чоьнан спикер Райан Пол веанчул тIаьхьа. Цо дIахьедар динера, Вашингтон ладоьгIуш ю ПрахIо Никулин Цхьаьнатоьхначу Шататшка схьаваларе аьлла.


ТIаьхьо Чехин республикан юстицин министралло бакъдина хакер Iамерке дIавелла хилар.


Чехийн полицино лаьцнера Никулин Евгений 2016-чу шарахь ПрахIехь, Iамеркан дехарца Интерполо еллачу ордерца.


Никулинан адвокаташа чIагIдора, ФБР-н агенташа Iамеркан Демократин партин ресурсаш яьстина президентан 2011-чу шеран харжамийн кампани йоьдучу хенахь, бохуш цуьнгара кийтаронаш яха гIертара.


Хакерна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийначу Оьрсийчоьно а дехара Чехин Iедалшка Никулин схьавалар.

Читайте на сайте