World News in Chechen
Март
2018

Новости за 30.03.2018

Radiomarsho.com 

ВорхI шо хан тоьхна нохчочух леттачу овхIанхочунна

Австрерчу кхело 7 шо хан кхайкхина 19 шо долчу овхIанхочунна.  Даханчу шеран  Стигалкъекъа-баттахь  Венерчу 10-чу кIоштахь шен новкъа дIавоьдучу нохчочунна урс дитинера цо. Полицино чIагIдарехь, метро чохь ларамаза шена дуьхьал кхеттачу нохчочунна тIехь оьрсийн элпашца йоза яздина духар гича иза мича къомах ву а хиина хилла овхIанхочунна. Цкъа хьалха метро чохь коча вахнера иза шел дуккхаъ воккхахчу цу стагана. Амма тешаш юккъегIортар бахьана долуш и шиъ дIасакъастийнера. Метро чуьра араваьллачул... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра дIахьажийна Шляпа-Жимахверг

Красноярскан мехкан полицино а, Белгородан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша а лаьцна, Оьрсийчуьра араваьккхина криминалца боьзначу нахана юкъахь вевзаш волу Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан). Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, 31 шо долу Гегечкори кхело шена тоьхна хан токхуш вара Красноярскан махкахь. 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша сацам бинера колонехь тоьхна хан чекхяларца иза махкахвоккхур ву аьлла. «Прайм Крайм» портало яздарехь, Гегечкори "низамехь къу" ву. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хенан хIоттам талха мегаш бу Нохчийчохь

Нохчийчохь ломаца а, лаьмнашкахь а йолчу кIошташкахь хенан хIоттам вуно чIагIа талха мега аьлла варе бина меттигера бахархой, Оьрсийчоьнан орцаллан министраллан респуликерчу урхаллан векалша. Хенан хIоттаман говзанча дийцарехь, цу кIошташкахь догIанца чIогIа мох бала мега, цкъацца секундехь 30 метр чехкалла а йолуш. Орцанхоша бинчу хаамца, меттигерчу Iедалан хьукматашка хаам бина чолхе хьал хIуттуш меттигаш бан мега аьлла.

Radiomarsho.com 

Чехин Iедалша Iамеркана дIавелла Оьрсийчуьра хакер Никулин

Чехин Iедалша Iамерке дIавелла Оьрсийчуьра хакер Никулин Евгений, хаам бо Чехин Радионо. Дицарехь цунна хIинцале а экстрадици йина Цхьаьнатоьхначу Штаташка. Меттигерчу зорбанан гIирсаша билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан вахархо дIавелла Чехе визитаца Iамеркан Конгрессан Векалаллин чоьнан спикер Райан Пол веанчул тIаьхьа. Цо дIахьедар динера, Вашингтон ладоьгIуш ю ПрахIо Никулин Цхьаьнатоьхначу Шататшка схьаваларе аьлла. ТIаьхьо Чехин республикан юстицин министралло бакъдина хакер Iамерке дIавелла хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Чехин Iедалша Iамеркана дIавелла Оьрсийчуьра хIакер Никулин

Чехин Iедалша Iамерке дIавелла Оьрсийчуьра хIакер Никулин Евгений, хаам бо Чехин Радионо. Дицарехь цунна хIинцале а экстрадици йина Цхьаьнатоьхначу Штаташка. Меттигерчу зорбанан гIирсаша билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан вахархо дIавелла Чехе визитаца Iамеркан Конгрессан Векалаллин чоьнан спикер Райан Пол веанчул тIаьхьа. Цо дIахьедар динера, Вашингтон ладоьгIуш ю ПрахIо Никулин Цхьаьнатоьхначу Шататшка схьаваларе аьлла. ТIаьхьо Чехин республикан юстицин министралло бакъдина хIакер Iамерке дIавелла хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Профессор Чухуа: ЖовхIар тешаме доттагI вара

Нохчийчоьнан хьалхара президент хиллачу Дудаев ЖовхIаран дахар а, ша Нохчийчохь Ичкерин заманахь яьккхина хан а дагалоьцу Тбилисерчу Гуьржичоьнан пачхьалкхан университетан профессоро Чухуа Мерабис.

Radiomarsho.com 

Курдашна гIо дан Шема эскархой хьажо дагахь ву Макрон

Шемарчу Манбидж гIалахь болчу курдашна гIо дан шен эскархой хьажор бу Францино. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло. Эскаран дакъа цига хьажор хьокъехь Францин президенто Макрон Эммануэла барт бина Шеман демократин оппозици олучу тобанца, шен Парижехь хиллачу цхьаьнакхетарехь. Маса эскархо вохуьйтур ву Манбидже дуьйцуш дац. Дечкен-баттахь дуьйна Шеман къилбаседан кIошташкахь болчу курдашна дуьхьал тIеман операци дIахьош ду Туркойчоьнан эскар. Цуьнан Iалашо ю Манбидж дIалацар. Цигахь дIатарйелла ю Iамеркан тIеман контингент. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

RT телеканало сацош ду Вашингтонера шен эфир гайтар

Оьрсийчоьнан Iедалан ахчанах латтош йолу RT (Russia Today) телекомпанино Охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна соцор ду Вашингтонера шен эфир гайтар. Bloomberg агенталло бинчу хаамца, цу телеканалан программашна ретрансляци латточу WNVT а, WNVC а компанеша сацош бу шайн болх. RT телеканал кхин гур дац кабелан системашкахь. Цуьнан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас дийцарехь, Вашингтонехь кхин дIа а болх бийр бу цу телеканало, кхечу аьттонех пайда а оьцуш. Симоньяна билгалдаккхарехь, RT эфир сацор... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу зудчо шен бер "сагIийна далар" толлуш ду Нальчикехь

ГIебартойн-Балкхаройчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша бехктакхаман гIуллакх долийна, адам дохкар бахьана долуш. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.  Дукха хан йоцуш бер динчу Нохчийчуьрчу яхархочо иза "сагIийна делла" доьзалхо воцучу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Урванан кIоштарчу яхархочунна. Кхело сацам бина и зуда талламан изоляторе хьажо. Нагахь беран нанас низам дохийна хилар тIечIагIдахь, иза набахте хьажор ю 10 шаре кхаччалц хан а тоьхна.