World News in Chechen

UFC чемпион хIоьттина Нурмагомедов  

Оьрсийчуьра ММА латархо Нурмагомедов Хьабиб чемпион хIоьттина UFC (Ultimate Fighting Championship) олучу латархойн чемпионатехь. Цуьнан эшо аьтто баьлла Iамеркахо Яквинт Эла.


Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша яздарехь, массо а суьдхоша толам дIабелла Нурмагомедовна.


Нурмагомедов дуьххьарлера спортхо ву Оьрсийчуьра UFC чемпионан титул яьккхинарг (яйн йозаллан категори). 29 шо долчу Дагестанерчу спортхочо 26-зза толам баьккхина шен карьерехь - цкъа а эшна вац. Цуьнан цхьа латар дIадирзина толамхо билгалваккха аьтто а ца болуш.   

Читайте на сайте