World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 08.04.2018

Radiomarsho.com 

Керста наха Пасха даздина Соьлж-ГIалахь

Керстанийн уггаре деза де Пасха даздира Соьлж-ГIаларчу килсехь. Пасха даздеш православийн керстанийн Iедал ду шайн беллачийн кешнашна тIехIуьттуш. Республикехь баьхна болу Оьрсийчоуьрчу кхечу регионашкара бахархой а баьхкинера Нохчийчу.

Radiomarsho.com 

Православин керстанаша Пасха даздина Нохчийчохь

Шоьтан буьйсанна дуьйна дуьйладелла Пасха даздар кIирнадийнахь а дIахьош дара. Нохчийн республикехь йолчу ерриг а килсашкахь мозгIарша шайн динан Iадаташца дIабаьхьира шайн болх. Килсанаш юьзна яра цига баьхкинчу нахах, хаам бо Маршо Радион корреспонденто.   Пасха даздеш православийн керстанийн Iедал ду шайн беллачийн кешнашна тIехIуьттуш. Иза тидаме а эйца, республикехь баьхна болу Оьрсийчоуьрчу кхечу регионашкара бахархой а баьхкинера Нохчийчу.

Radiomarsho.com 

UFC чемпион хIоьттина Нурмагомедов  

Оьрсийчуьра ММА латархо Нурмагомедов Хьабиб чемпион хIоьттина UFC (Ultimate Fighting Championship) олучу латархойн чемпионатехь. Цуьнан эшо аьтто баьлла Iамеркахо Яквинт Эла. Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша яздарехь, массо а суьдхоша толам дIабелла Нурмагомедовна. Нурмагомедов дуьххьарлера спортхо ву Оьрсийчуьра UFC чемпионан титул яьккхинарг (яйн йозаллан категори). 29 шо долчу Дагестанерчу спортхочо 26-зза толам баьккхина шен карьерехь - цкъа а эшна вац. Цуьнан цхьа латар дIадирзина толамхо билгалваккха аьтто а ца болуш.

Radiomarsho.com 

Скрипаль а, цуьнан йоI а лардан некъаш лоьхуш ю Британин

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллан полковник хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а, керла кехаташ а кечдина, и шиъ хила мегачу тIелетарех Iалаш дан Iамеркехь даха хаон некъаш лоьхуш ю Британи. Цунах лаьцна яздо Британерчу Sunday Times газето. Цо дийцарехь, Британин MI6 къайлахчу сервисо и хаттар дийцаре дина Iамеркан Коьртачу талламан урхаллан векалшца. Скрипаль а, цуьнан йоI а карийнера Солсбери гIалахь урамерчу гIаьнта хиина кхетам чуьра даьлла а долуш. Британино... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москох талламхочо бехказваьккхина Нохчийчуьра кхо вахархо

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан тIех лараме долчу гIуллакхашкахула волчу талламхочо сацам бин Москох, Ражапов Хьамидна а, Цетиев Хьусайнна а, Цетиев Сайд-Мохьмадна а дуьхьа долийна долу бехктакхаман гIуллакх сацо, яздо "Кавказский узело". Цу кхаа стеган адвокато Окушко Татьянас бинчу хаамца, бехктакхаман гIуллакх сацош ду церан бехк ца хиларна. Маршо Радионо хаьлха дийцина ма хиллара, 2014-чу шарахь Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь Москохна генадоцуш Iуьллучу Рассказовка юьртахь хиллачу некъахьовзамехь вовшахкехттера 3 жима машен. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

 "Педагогийн дебют - 2018" къовсамехь толам баьккхина Соьлж-ГIаларчу хьехархочо

Оьрсийчуьрчу "Педагогийн дебют - 2018" къовсамехь толам баьккхина Соьлж-ГIаларчу хьехархочо Тепсуркаева Залинас. И къовсам хилла Москох Федерацин Кхеташонехь, хаам бо grozny.tv сайто. Тепсуркаева оьрсийн мотт а, литература а хьохуш ю номер 60 йолчу Соьлж-ГIаларчу юккъерчу школехь.  "Педагогийн дебют - 2018" цIе Тепсуркаеваца къуйсуш хилла Оьрсийчуьрчу 45 регионера  137 хьехархо. Ерриг а 5 номинаци хилла цигахь. "Къона урхалла дархо" номинацехь тоьлла Нохчийчуьра хьехархо.

Radiomarsho.com 

92 доьзална керла хIусамаш елла Шелахь

Оьрсийчуьрчу ТАСС агенталло бинчу хаамца, 92 доьзална керла цIенош делла Шелахь. Дийцарехь, уьш шен чоьтах дина Кадыровн фондо. Керла хIусамийн комплекс ян йолийнера цу гIалахь кхо бутт хьалха. Иза схьайоьллуш шоьтан дийнахь хиллачу церемонехь вистхуьлуш республикерчу паламентан гIантдас Даудов Мохьмада хаам бира, цу цIеношна чуховшийнарш Шелан юккъехь бехаш хилла доьзалш бу аьлла. Нах беха цIенойн керла комплекс дакъа ду гIалана реконструкци яран. Шелахь еш ю, маьждигах а, 21-зза тIекIелйина бIаьвнах а... Читать дальше...