World News in Chechen

Нохчийчохь тIемаш бинчу стагна ворхI шо хан тоьхна

Пермскерчу Чернушинскан кхело набахтехь даккха ворхI шо тоьхна Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцначу вахархочунна, хьалхо шен нанна йиттина стаг цо верна. "Ветта" телеканалан хаамашца, цхьана къаьркъа молуш дов даьллачохь, йиттина вийна цо иза.


Кхелан сацамо тIечIагIдарехь, вийнарг цхьана хенахь кхуьнан ненан майра лаьттина ву. ХIетахь цуьнан ненах кест-кеста леташ хилла цIийнда. Эххар а иза дIа а тесна, дIавахана. Шераш девллачул тIахьа кIанта жоп дехна шен нанна тIехь бинчу ницкъах. Вийначун коьртах, дегIах 133-зза мийр а, буйнаш диттира ша аьлла, дIахьедина цо кхелехь. Иза веллий билггал хиинчул тIаьхьа, полицин каравахна ша.

Читайте на сайте