World News in Chechen
Сентябрь
2018

Новости за 30.09.2018

Radiomarsho.com 

Нобелан совгIат лучарна юкъахь ву Iамеркан президент Трамп

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд Нобелан совгIатан претендентийн тептаре ваьккхина аьлла, хаамбина Reuters агенталло, преми лучу комитетерчу хьосташна тIе а тевжина. Кху аьхка Сингапурехь Къилбаседа Корейн президентца Ын Ким Ченца цуьнан хилла цхьанакхетар бахьана долуш хьакъвина Трамп Нобелан совгIат  ахь шина агIонан бартхилира, Къилба Корейс зарратан герз лелор сацош. Ишта, букмекерийн зерашца, Нобелан совгIатна юкъавахийта алсам шансаш ю шина Корейн пачхьалкхийн куьйгалхойн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Индонезехь белларш кхин а алсам хиларна кхоьру пачхьалкхан Iедалхой

Индонезехь мохбегоро Сулавеси гIайри йистехь гIаьттинчу цунамис байинчу нехан терахь де дийне кхуьуш ду. Iедалхоша хаамбарца, 832 стаг ву велларг кху сохьта. Шозза совдаьлла мохкбегийначу дийнахь дIакхайкхиначу терахьел а. Пачхьалкхан урхалхой саготта бу, белларш кхи а алсам хиларна. Генарчу берда йистерчу меттигашкара хаамаш хIинца а кхачаза бу. Эзаре хьаладер ду беллачийн терахь аьлла, тешна ву Индонезин вице-президент Калла Юсуф. Iаламан ницкъо зенаш динчу Палу гIалахь херцаршлахь лоьхуш бу балаза бисинарш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIемаш бинчу стагна ворхI шо хан тоьхна

Пермскерчу Чернушинскан кхело набахтехь даккха ворхI шо тоьхна Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцначу вахархочунна, хьалхо шен нанна йиттина стаг цо верна. "Ветта" телеканалан хаамашца, цхьана къаьркъа молуш дов даьллачохь, йиттина вийна цо иза. Кхелан сацамо тIечIагIдарехь, вийнарг цхьана хенахь кхуьнан ненан майра лаьттина ву. ХIетахь цуьнан ненах кест-кеста леташ хилла цIийнда. Эххар а иза дIа а тесна, дIавахана. Шераш девллачул тIахьа кIанта жоп дехна шен нанна тIехь бинчу ницкъах. Вийначун коьртах... Читать дальше...