World News in Chechen

Украинехь дIалаьцна Сайнароев Салман

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIабоьхучу кавказхошна тIехIуьттуш волу ГIалгIайчуьра вахархо Сайнароев Салман дIалаьцна полицино Киевна гергахь. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам цуьнан лулахочо.


"Иза вехачу петаран неIарш йохош, чулилхинера полисхой. Карарчу заманчохь хIусамах хьовсуш бу", - аьлла хаамбинчо.


Цуьнгахь йолчу информацица, Сайнароев бехкево Украинан Iедалша стаг верна. ГIалгIа дIалацарх информаци бакъйина Сайнароевн адвокато Симоненко Златас а. ГIирмера а, Къилбаседа Кавказера а схьабевлла бусулбанаш бехачу Чайка олучу эвлахь лаьцна Салман, адвокатан хаамца.


Украинано байначу беттан 12- чохь Оьрсийчоьне дIавеллачу Тумгоев Тимурана гIо доьхучу барамехь жигара дакъалаьцнера Сайнароевс.


Москохо дIабоьхучу кавказхошна юридикан а, кхидолу а гIо латтадора Сайнароевс. Хьалхо дIахьединера цо, Украинерчу полисхоша кхерамаш туьйсу шена аьлла.


 


 


 

Читайте на сайте