World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 10.10.2018

Radiomarsho.com 

Дагестанехь мотт беттачарна смартфонаш йоькъур ю

Дагестанан зIенан, информацин, шуьйрачу коммуникацийн министралло махкарчу бахархошлахь конкурс дIакхайкхийна. Нагахь интернетехь экстремистийн материалаш хаалахь, церан линкаш шайга схьатаса аьлла цара. Оцу Iалашонца сайт ю Iедалхоша кхоьллина. Сайт тIехь анкета дIаюза еза шен цIарца, электронан адресца, ишта къасто еза йихкина контент – "терроризм бакъяр, цунна пропаганда яр", "къаьмнашна юкъахь, динашна юкъахь цабезам гIаттор", "кхийолу магош йоцу контент" а. Цул тIаьхьа оцу публикаци тIе вуьгу линк йита еза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIедогIучу шарахь мухIажиршна 7 миллиард евро хьажо Iалашо ю Германин

ТIедогIучу шарахь мухIажиршна социалан хIусамаш яла а, ахчанаш декъа а, интеграци яйта а, мотт Iамо программаш кхио а 7 миллиард евро кхача билгалдаккха Iалашо ю Германин Iедалхойн. Reuters агенталло бина и хаам. Меркела хIоттийначу планца а догIуш, 2022-чу шарахь мухIажирийн хьашташна лерина хьажор ду 15 миллиард евро. ТIаьххьарчу кхаа шерачохь Германино тIелаьцна миллион гергга мигрант, доккхачу декъанна бусулбанаш. Reuters агенталлан хаамашца, керлачу бюджетан сацамо Меркелан позицеш уггар доккхачу федаралан лаьтта тIехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москох йохка кIомал хьош нохчо лаьцна

Москох йохка 19, 5 кила кIомал арайоккхучу хенахь лаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочун гонах талламаш бирзина аьлла, хаамбина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Лескенан кIоштан прокуратурано. "Цуьнан машенах хьовсучу заманчохь полисхоша яьккхинера цуьнгара 20 кила ца кхоччуш гашиш, - аьллачу прокуратуран дешнаш даладо "Керланаш" агенталло. Наркотикан барам 30 миллион сом ахча лерина. Кхи дIа гIуллакх талла дIакхачор ду кхелахошка аьлла прокуратурехь.

Radiomarsho.com 

СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист вийна аьлла хетачийн суьрташ зорбане даьхна

Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа "нах байина тоба" аьлла, билгалбаьхначу нехан суьрташ Iорадаьхна туркойн хаамийн гIирсаша. Цо чIагIдарехь, уьш бехке бу СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист Хашогги Джамал къайлаваккхарна. Хашогги вайна карарчу беттан 2-чу дийнахь, Истанбулерчу саIудахойн векалалле чувахначул тIаьхьа. Зорбанашкахь яздарехь, бертаза Iаьржачу фургончу а тоьхна, вигина хилла иза СаIудан консулан хIусаме. Associated Press хьостано хаамбо ишта. Паччахьан доьзалх лаьцна критике артиклаш зорбане яхарна иза вийна хила тарло аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Немцов Борисан 3-гIа Форум йолаелла Прагехь

Немцов Борисан 3-гIа Форум йолаелла Прагехь. Карарчу беттан 9-чу дийнахь 59 шо кхочур дара цуьнан. Таханалерачу дискуссин коьрта тема ю "Керла шанс хир юй-те Оьрсийчоьнан?" Барам болалуш дош делира Чехин арахьарчу гIуллакхийн министран гIовсна Кафка Томашна а, Бельгин хиллачу премьер-министрна, Европарламентерчу "Европехьа либералийн, демократийн альянсан" лидерна Верхофстадт Гина а, вийначу политикан йоIна Немцова Жаннина а. Форумехь ишта дакъалоцуш бу оьрсийн оппозиционераш – Яшин Илья, Милов Владимир, Алексашенко Сергей а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украинехь дIалаьцна Сайнароев Салман

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIабоьхучу кавказхошна тIехIуьттуш волу ГIалгIайчуьра вахархо Сайнароев Салман дIалаьцна полицино Киевна гергахь. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам цуьнан лулахочо. "Иза вехачу петаран неIарш йохош, чулилхинера полисхой. Карарчу заманчохь хIусамах хьовсуш бу", - аьлла хаамбинчо. Цуьнгахь йолчу информацица, Сайнароев бехкево Украинан Iедалша стаг верна. ГIалгIа дIалацарх информаци бакъйина Сайнароевн адвокато Симоненко Златас а. ГIирмера а, Къилбаседа Кавказера... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхаьжнаш тасар ца хилла ГIалгIайчохь

Нохчийн, гIалгIайн дозанех хаттар юха луьстуш, парламентан кхеташонехь дакъалаца юкъавеана оьшучу 17 депутатах 12. Маршо Радионо ма яздарра, байначу беттан 26-чохь Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а дозанаш билгалдохуш, бертан куьйгашяздира. Оцу сацамна дуьхьал гIевттира ГIалгIайчоьнан бахархой. Митингехь нах лаьттачу юкъанна дахначу еаридийнахь административан доза тIечIагIдеш республикан низамна куьгяздира Евкуровс. Доза къастош бинчу бертана шаьш реза дуй дIахаийтина гIалгIайн парламентан 25 депутатах 17 аьлла, дIакхайкхийра Iедалхоша.

Radiomarsho.com 

Чехехь Скрипальна тIехь терго латтош хилла Бошировс а, Петровс а

ГРУ-н хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а дIавш даларна Британин Iедалхоша бехкевен Оьрсийчоьнан ши вахархо 2014-чу шарахь къайлах Чехи оьхуш хилла. Оцу заманчохь Чехехь хиллера ша Скрипаль а. Цунах хаамбина "Чехин радионо" шайн иччархошлахь йолчу хьосташна тIе а тевжаш. Радион хаамашца, Чехехь Скрипаль цхьанакхетта хилла пачхьалкхерчу иччархойн урхаллан белхахошца, царна консультацеш луш хилла цо, оьрсийн шпионаш муха гучубаха беза хьоьхуш. "Чехин радион" хьосташ тешна ю, Британин Iедалхоша Петров Александр... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Левада-центр: украинхойн оьрсашкахьа цабезам бац

ТIаьххьарчу шерачохь Оьрсийчоьне украинхойн йолу юкъаметтигаш хаъал тоелла, ткъа оьрсийн цаьрга хийцаелла яц аьлла, жамIаш дина "Левада-центро" а, Киеверчу социологин дуьненаюкъарчу институто а. Байначу беттан юккъерчу деношкахь бинера статисташа хаттам. Социологийн талламашца, украинхойн 48 процент респонденташ дуьхьал бац Оьрсийчоьнна, царех 10 % тIехдика юкъаметтигаш ю оьрсашца. Ткъа стохка 37 процент дара и терахь. Оьрсийчоьнехьа шайн дог-ойла цахиларх дIахаийтина украинхойн кхолгIачу декъо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хасаев дIахецар доьхуш Москох митинг хIотто дагахь ю нохчийн диаспора

Москохарчу Сокольникехь йоккха митинг хIотто лаам бу нохчийн диаспоран, 2011-чу шарахь бизнесхо Арутюнян Ашот вийна цо аьлла, Екатеринбургерчу талламчаша чохь латтош волчу 37 шо долчу Веданан кIошатарчу Хасаев Мовсарца нийсо яр тIедожош. "Оьрсийчуьрчу Инарла прокуратурана а, Талламан Комитетна а, Федерацин Кхеташонна а хьалха цхьацца дIа а хIуттуш, Мовсарна гIортор еш пикеташ дIахьо оха. ТIедогIучу шоьтан дийнахь эзар нах вовшахкхетта, шуьйра митинг хIотто Iалашо ю тхан. Инарла прокуратуран гIишлонна дуьххьал дIахIитта дагахь дара тхо... Читать дальше...