World News in Chechen

Евкуровн дехар мелла а сиха дийцаре дийр ду Оьрсийчоьнан Конституцин кхело

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело дийцаре дийр ду Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан дозанах лаьцна гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Кхелан кхеташо хир ю Лахьан-беттан 27-чохь.


Хьалхо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле дехар динера нохч-гIалгIайн дозанца доьзна хаттар къастадахьара аьлла.  

Читайте на сайте