World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 15.11.2018

Radiomarsho.com 

Спортан рекорд хIоттийна Нохчийчуьрчу 5 шо долчу кIанта

2 сохьтехь 25 минотехь 4105-зза куьйгаш тIехь дегI а лелийна Кураев Рахьима. Иза цо деш хьожуш хилла республикера спортан министр Ханариков Муса. Оьрсийчуьрчу рекордийн Книгин векалийн цхьацца хаттарш кхолладелла. И бахьана долуш, кхин а цхьа кIира даьлча, и нах тIехьожуш а болуш, рекорд юхахIотто дагахь ву жима кIант. А.-Хь. Кадыровн регионан юкъарчу фондан совгIат ду аьллан "Mercedes-Benz" елира кIантан Кадыровс.

Radiomarsho.com 

Нохчийн тутмакх вийна ши зуламхо чувоьллина Челябинскехь

Челябинскерчу номер 2 йолчу колонехь чувоьллина нохчийн тутмакх Исраилов Султан верна хенаш тоьхна Челябинскерчу кхело цу колонерчу 2 белхахочунна. БархI шо хан тоьхна Донцов Александрна. Цуьнца цхьаьна болх беш хиллачу Малинин Владимирна тоьхна 7 шо. 2015 шарахь ГIура-баттахь цу шимма къиза етта а йиттиина ирхоьллина вийнера Исраилов. Кхелехь бехк тIе ца эцна цу шимма, тутмакх ша шена хорам а бина велла бохуш. Исраилов верна бехке веш вара кхин цхьа стаг – колонин лахара инспектор Зорин Владимир. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Журналист Хашогги вийначарна вен суд яр дехна СаIудийн прокуроро

Журналист Хашогги Джамал вийначу 5 стага хIоранна а вен суд яр дехка СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан прокуроро. Верриг а цу гIуллакхехула лаьцна ву 18 стаг. Хашогги вийна Гадужу-беттан 2-чу дийнахь Истанбулехь CаIудийн консулствехь. Кхо кIира даьлча СаIудийн Iедалш къера хилира журналист консултвон кертахь вийна хиларна.

Radiomarsho.com 

40 сов автобус лур ю кхушарахь Нохчийчуьрчу школашна

Нохчийчоьнан ярташкарчу школашкахь дешархой дIасалело 47 автобус лур ю хIара шо чекхдалале. Цунах лаьцна хаам бина республикерчу дешаран министро Муртазов Хаважа. Муртазовс дийцарехь, карарчу хенахь республикехь дешархой дIасалелош ю 130 сов автобус, 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь федералан центро яийтина йолу. Ерриг а оьшуш ерг ю кхин а 144 автобус.

Radiomarsho.com 

Дахдина Тухуговна UFC-хь латар дехкар

UFC турнирехь Нурмагомедов Хьабиб а, Макгрегор Конор а леттачул тIаьхьа хиллачу буй-тIарехь дакъалаьцначу Тухугов Зубайрина а, кхин болчу декъашхошна а кхайкхийна говзалла йохор (дисквалификаци) кхин дIа а яхйина Iамеркерчу Невада штатан атлетикан комиссино. Тухуговн гIуллакх а, ткъа иштта кхин а шина декъашхочуьнан  - Нурмагомедов Абубакаран а, Дэнисан а - гIуллакхаш а луьстур ду кхушара ГIура-баттахь я 2019-чу шеран Дечкен-баттахь, хаам бина РИА Новости агенталло. Нурмагомедов Абубакарна дуьхьал... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

«ГАЗельца» стаг хьаьшна Нохчийчохь

Адам а дуьйш, некъахьовзам хилла кхаарин дийнахь Нохчийчохь Соьлж-Гlалан къоштахь. «ГАЗель» тIехьайохуьйтуш 55 шо долу Йоккхачу АтагIара вахархо хьаьшна цу жимачу автобусна урхалла деш хиллачу 31 шо долчу стага. Лазийнарг велла, дарбанан хIусаме вуьгуш. Хилларг къастош бу полицин белхахой.

Radiomarsho.com 

Instargam-о юха а дIакъевлина Кадыровн агIо

Instargam социалан машано дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан агIонна блок дIаяьккхинера гIалат даларна аьлла, хаам бо ТАСС агенталло. ХIинца иза юха а дIакъевлина Instargam-о. Цу хьокъехь BuzzFeed интернетан портале хаам бина цу социалан машанан векало.

Radiomarsho.com 

Instagram-о юха а дIакъевлина Кадыровн агIо

Instargam социалан машано дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан агIонна блок дIаяьккхинера гIалат даларна аьлла, хаам бо ТАСС агенталло. ХIинца иза юха а дIакъевлина Instargam-о. Цу хьокъехь BuzzFeed интернетан портале хаам бина цу социалан машанан векало.

Radiomarsho.com 

"Дика кIант вара шун, амма экстремист ву-кх"

Ставрополерчу "Кегийрхойн Яблоко" (Молодежное Яблоко) партин декъахочо Бобро Кирилла цхьа шой, ах шой набахтехь даьккхина. Баккхийчу барамашкахь наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкала воьллинера иза. Цул хьалха Ставрополан кIоштахь политикан дукха акцеш хIиттайора Кирилла: Шемарчу тIамна дуьхьал, Къилбаседа Кавказерчу зударийн бакъонашна тIехIуьттуш, ишта ша цхьаъ меттигерчу ФСБ-н гIишлонна хьалха хIуттий, цхьаалин пикет хIоттайора цо, къайлахчу сервисийн белхахоша жигархой дIалоьцу бохуш. Кириллан гергарчара а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ХIирийчуьрчу ФСБ-но лоьху зуда цхьа шо хьалха елла Шемахь

Къилбаседа ХIирийчуьрчу ФСБ-н урхалло кхайкхам бина цу республикерчу бахархошка, дуьненаюкъарчу терроран цхьаьнакхетараллех дIакхетта хилла ши жима зуда йолу меттиг хаийта аьлла. Кавказ.Реалиино яздарехь, хIирийн муфтийс Гацалов Хьаьжмурда хаам бина цу портале, цу шиннах хьалха маьждиге лелаш хилла цхьа зуда цхьа шо хьалха Шемахь елла аьлла. Муфтийс дийцарехь, иза шен хIусамдена тIаьххье Шема яхана хилла, бераш а эцна. И стаг ХIирийчуьра вахархо ву. Шема тIаме ваханчохь вийна иза. Гацаловс дийцарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн агIонна блок дIаяьккхина Instagram-о

Шен Instagram-ерчу агIонна блок дIаяьккхина аьлла, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нийсо тоьлла. Амма цунна ийшира 11 гергга бутт", - яздина цо цу социалан машанехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша сатесна ву боху, "дина гIалат юха дийр ца хиларх".

Radiomarsho.com 

Евкуровн дехар мелла а сиха дийцаре дийр ду Оьрсийчоьнан Конституцин кхело

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело дийцаре дийр ду Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан дозанах лаьцна гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Кхелан кхеташо хир ю Лахьан-беттан 27-чохь. Хьалхо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле дехар динера нохч-гIалгIайн дозанца доьзна хаттар къастадахьара аьлла.