Нохчийчоьнца доза хьокъехь митинг хир ю Несарахь
ГIалгIайчоьнан Iедало бакъо елла кху беттан 27-чохь Несарахь митинг дIаяхьа. Цу дийнахь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело дийцаре дийр ду Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартаца доьзна хаттар.
ТАСС агенталло бинчу хаамца, митинг вовшахьтухурш бу дозанах лаьцна тIеэцначу низамана дуьхьал болу нах. Дуьхьалонан акци хир ю Несаран културан хIусамна хьалха Iуьйранна 10 даьлча сарахь 7 сахьт даллалц.
Хьалхо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дIахьедар дира, ша тешна ву, дозанца доьзначу хаттарехула Оьрсийчоьнан Конституцин кхело нийсонца сацам бийр хиларх аьлла.