World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 18.11.2018

Radiomarsho.com 

Нурмагомедовх латахь Мейвезерна 150 миллион доллар дала кийча ю UFC

Ерриг кеп ийначу латаран чемпионатан (UFC - Ultimate Fighting Championship)(ММА а олу цунах) куьйгалхочо Уайт Данас 150 миллион доллар кховдийна Iамеркерчу боксёрна Мейвезер Флойдана, нагахь иза ММА-н низамашца яйчу йозаллехь чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибах латахь. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, TMZ сайтана тIе а тевжаш. "Хьалха тхо цунна тIе дахара, хIинца тхуна тIе ван веза иза. Флойд, лата лаьий хьуна, 150 миллион доллар даккха лаьий хьуна? Лаахь схьавола тхо долчу", - даладо Уайтан дешнаш TMZ сайто. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Росгвардин эпсар вийна ХIинжа-ГIаларчу буьйсанан барехь

Чуччабахна латарехула дуьненан чемпионо герз тоьхна Росгвардин лейтенант вийна ХIинжа-ГIалахь, хаам бо "Интерфаксо". И инцидент хилла буьйсанан бар чохь. "Интерфаксан" хьастано дийцарехь, девнан декъашхойх цхьаммо тапча йиттина ша оьгIазвахийтинчу шина стагана. Цу шиннах цхьаъ - росгвардин лейтененат - оццу меттехь велла, чов хилла шолгIаниг дIакхачийна дарбанан хIусаме. Болчу хаамца, иза вочу хьолехь ву, амма кхетамчохь ву. Дархо левина талламхоша. Вийна лейтенант буьйсанан бар чохь ца хилла белхан декхарш кхочуш деш.

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнца доза хьокъехь митинг хир ю Несарахь

ГIалгIайчоьнан Iедало бакъо елла кху беттан 27-чохь Несарахь митинг дIаяхьа. Цу дийнахь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело дийцаре дийр ду Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартаца доьзна хаттар. ТАСС агенталло бинчу хаамца, митинг вовшахьтухурш бу дозанах лаьцна тIеэцначу низамана дуьхьал болу нах. Дуьхьалонан акци хир ю Несаран културан хIусамна хьалха Iуьйранна 10 даьлча сарахь 7 сахьт даллалц.   Хьалхо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дIахьедар дира, ша тешна ву... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Amazon-е "жIов а, марс а" дитар дехна евродепутаташа

Европарламентан дупутаташа кхайкхам бина Amazon компанин куьйгалхочуьнга Безос Джеффе, хиллачу советан пачхьалкхан символш тIехь йолу сурсаташ дохкар сацадахьара аьлла. Депутаташна хетарехь, кху дуьнентIехь интернет-махбарехь хьалханчех цхаъ йолчу компанино цу тайпа символика йохкаро аьшнаш йо советан режимо байинчу а, хьийзийнчу нехан эс. Кхушара Гезгмашин-баттахь жIов а, марс а тIехь долу сурсаташ шайн тубканашкахь кхин дIа ца дохка сацам бира Iамеркерчу Walmart компанино, эцархоша дехарш дар бахьана долуш.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь толлуш ду Соьлж-ГIалахь полицин постана уллехь зуда эккхар

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна, Соьлж-ГIалахь полицин постана уллехь жима зуда эккхар бахьана долуш, хилларг ницкъаллин структурийн белхахой байа гIортар ду аьлла. Цунах лаьцна яздо "Коммерсанто". Талламхошна мила ю хиъна Iожалхо. Иза ю 25 шо долу Адыгейн дуьненчу яьлла Спиридонова Карина. Цу зудчуьнан регистраци хилла Челябинскан махкахь, тIаьхьарчу хенахь иза ехаш хилла Дагестанехь. Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштахь полицин постана уллехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Чемурзиев а, Погоров а дIахецна полицера

Шотан дийнахь Полицино лаьцна гIалгIайн юкъараллан жигархой Погоров Ахьмад а, Чемурзиев Барах а дIахецна оццу сарахь. Цунах лаьцна яздо "Кавказский узело". ГIалгIайчоьнан полицино Даьттах эвлана гергахь лаьцна Соьлжан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъе дIавигнера "ГIалгIайн къоман конгресс" шех олучу тобанан куьйгалхойх цхьаъ волу Погоров Ахьмад а, "ГIалгIайчоьнан гӀортор" боламан куьйгалхо Чемурзиев Барах а. И шиъ цигахь шира кешнашкахь а, бIаьвнаш йолчу меттигашкахь а "субботник" дIаяхьа араваьлла хиллера. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь зуда иккхина полицин постана уллехь

Мила ю ца хуучу зудчо шен дегIаца йолу бомба эккхийтина Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштахь полицин постана уллехь, хаам бо РИА Новости агенталло. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Алаудинов Аптис бинчу хаамца, и инцидент хилла шотандийнахь 4 сахьт долуш. Полицин хьаькамо дийцарехь, саца, бохуш мохь бетташ полисхой а болуш, номер 21 йолчу полицин постана тIе а едда, шен дегIаца йолу бомба эккхийтина цо. Полицин белхахошна а, могIарерчу нахана а юкъахь кхин вийна а... Читать дальше...