ФСИН: Тутмакхийн терахь цкъа а ца хиллачу кепара лахделла Оьрсийчохь
Оьрсийчуьрчу колонешкахь чубоьхкина латточу нехан терахь цкъа а ца хиллачу кепара лахделла, хаам бо ТАСС аггенталло, таIзарш кхочушдаран федералан сервисан (ФСИН) пресс-бюрона тIе а тевжаш.
Цу хаамца, карарчу хенахь Оьрсийчохь чувоьллина ву 467 эзар стаг. Тутмакхийн терахь лахдалар дузу цхьадолу низамаш дохор дIогга даккхийн зуламаш ца лоруш Iедало шен политика мал ярца. ФСИН-о бинчу хаамца, кху тIаьхьарчу 10 шарахь чубоьхкинчу нехан терахь лахделла 250 эзар стагана.