World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 14.12.2018

Radiomarsho.com 

Нохчийчу ваха лууш ву Лукашенко

Беларусин президенто Лукашенко Александра Минскехь зорбанан гIирсийн векалшна хьалха къамел деш дIахьедар дина, шен аьтто баларца Нохчийчу ваха лууш ву ша аьлла. Цунах лаьцна хаам бо БЕЛТА агенталло. Нохчийчу ша маца гIур ву ца элира Лукашенкос, амма бакъдира стохка Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша хьошалгIа кхайкхина хилар. Къаьсттина Соьлж-ГIале хьажа лууш ву ша бохуш вара Беларусин президент. Журналисташна цо дийцира Полше чу ца битинчу нохчийн доьзална ша Беларусехь Iуналла дина хиларх лаьцна.

Radiomarsho.com 

Терроризмна бехкехетарш, я бехкбоцуш хIаллакхилларш

Несарарчу "Ковчег" йохка-эцаран туькана хьалха эккхийтар динера дахначу кхааридийнахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацица, вевзашвоцчу шиммо граната ластийнера полисхошна тIе. Терроризм лелийна аьлла, шеконашка эцнарш лаца гIоьртинера полисхой: тIелеттарш байира, шина полисхочунна чевнаш еш. Хиллачух официалехь дIакхайкхийна информаци тIе ца оьцу оппозицино, уьш ца теша ишта, байинарш бехкехилла бохучух а. ГIалгIайчуьрчу къаноша къоман тезет кхайкхийна махкахь. Кхааридийнахь суьйранна дийца даьккхира Несарахь хиллачу эккхийтарх.

Radiomarsho.com 

Кремлехь жоп делла Кадыровс Нохчийчоьнна ахча ца тоьа аларна

«Россия 24» телеканалана интервью луш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера, кху тIаьхьарчу 11 шарахь федералан программа кхочуш ян алссамо ахча доуьйтуш хиллехь кхин а дика жамIаш гойтур дара шаьш, кхин а дика хир дара уьш шайна новкъарло еш ца хиллехь аьлла, тIе а тухуш.  Нохчийчоьнан куьйгалхочо аьллачунна комментари йина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Цо дийцарехь, Оьрсийчуьрчу регионашна даима а ца тоьа ахча, иза кхиаран лартIехь хаттар ду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн меттан видеодарсаш

Маршо Радионо, шен ладогIархойн а, ешархойн а дехаршна жоп луш, йолайо нохчийн меттан видеодарсаш. Оха берашна а, баккхийчарна а товш йолчу кепехь хIиттор ю уьш, грамматика а, синтаксис а, кхи долу а меттан Iилма а хьоьхуш.

Radiomarsho.com 

Барахоев Ахьмада дуьйцу, хIунда кхайкхийна ГIалгIайчохь тезет

Несарахь хиллачу эккхийтарах официало юьйцучу версех ша ца теша, вийна Муслим шена дика вовзарна, дуьйцу «ГIалгIайчоьнан харжам» олучу къоман юкъараллин куьйгалхочо Нальгиев ИсмаIила. «Iедалшна муьтIахь долчу зорбьанаша селхханехь дIахьедар дира, ши тIемало вийна аьлла – бехказаллин презумци тергоне ца оьцуш!»

Radiomarsho.com 

ФСИН: Тутмакхийн терахь цкъа а ца хиллачу кепара лахделла Оьрсийчохь

Оьрсийчуьрчу колонешкахь чубоьхкина латточу нехан терахь цкъа а ца хиллачу кепара лахделла, хаам бо ТАСС аггенталло, таIзарш кхочушдаран федералан сервисан (ФСИН) пресс-бюрона тIе а тевжаш. Цу хаамца, карарчу хенахь Оьрсийчохь чувоьллина ву 467 эзар стаг. Тутмакхийн терахь лахдалар дузу цхьадолу низамаш дохор дIогга даккхийн зуламаш ца лоруш Iедало шен политика мал ярца. ФСИН-о бинчу хаамца, кху тIаьхьарчу 10 шарахь чубоьхкинчу нехан терахь лахделла 250 эзар стагана.

Radiomarsho.com 

"Нагахь Нохчийчоьне дIалой – вуьйр ву со"

Нохчийчохь шен гергарнаш Iедалхоша юьхьарберзийна аьлла, стохка Росгвардина тIелатар дина бохуш, бехкевечу махкарчу вахархочо Бакаев Iелас   "Нийса" яц аьлла, маж дIаешира Украинехь ву 26 шо долу Бакаев Iела. Цо дийцарехь, Росгвардин №3761 йолчу декъана тIе-м муххале а ца леттера иза, ур-атталла, цу дийнахь республикехь а ца хилла. Ша паргIат а, маьрша а ву аьлла, ког хецна вац Iела, хIунда аьлча, даймахкарчу цуьнан гергарчаьргахула иза цIа вало гIерта Iедалхой. Цул совнах, Интерполан лехамашкахь а ву иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Журналист верна жоьпалла СаIудийн принцана тIедиллина Iамеркан Сенато

Журналист Хашогги Джамал верна жоьпалла СаIудин Iаьрбийн Пачхьалкхан принцана бин Салман Мохьаммедна тIедуьллуш резолюци тIеэцна Iамеркан Сенато. Цуьнан авторша кхайкхам бина Эр-Рияде журналист вийнарш берш жоьпе озор доьхуш. Еарин дийнахь Iамеркан сенаторша резолюци тIеийцира, Йеменан Iедалшна хуситийн тобанца къийсам латто гIо дечу СаIудийн пачхьалкхана а, цуьнан бертахошна а гIо дар сацорах лаьцна. Сенато тIеэцна резолюци яц низаман статус йолуш.

Radiomarsho.com 

Веза-вевзачунна бIаьрга буй тоьхна стаг кхеле озийна Нохчийчохь

Соьлжан кIоштан прокуратуро кхеле хьажийна меттигерчу вахархочо шен веза-вевзачунна тохарх лаьцна бехктакхаман гIуллакх. Таллам бича гучудаьлларг ду Iабдул-Малик Х. цIе йолчу стага, дов а даьлла, шен вевзаш волчу Iумар цIе йолчу стагана бетах буй тоьхна хилар. Буй кхетта бIаьрга, и стаг кхетам чуьра а воккхуш. И бахьана долуш Iумар цIе йолчу стеган могашалла галъялла хилла цхьана ханна. Низамца а догIуш, цу тайпа зулам динчунна тIазар догIу 3 шаре кхаччалц набахтехь яьккха хан тохарца.