World News in Chechen

Тбилисехь мацалла хоьгуш ву Гамсахурдиян ши кIант

Гуьржийчоьнан хиллачу президентан Гамсахурдия Звиалан воккхаха волчу шина кIанта ГамсахурдиягIар Константина  а, Цотнес а мацалла хьехар долийна Тбилисехь инарлин прократуран фойехь. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Гуьржийчуьрчу корреспонденто.


Цу шиммо доьхург ду 1993-чу шарахь ГIуран-баттахь шайн да вер хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долор. И акци йоьзна ю кху деношкахь Гамсахурдия кхелхина 25 шо кхарца.

Читайте на сайте