World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 16.12.2018

Radiomarsho.com 

Томскана гергахь охьахууш доьхна Ми-8 беркема

Томск гIалана гергахь охьахууш доьхна Ми-8 беркема. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, Орцаллан министраллан меттигерчу урхаллана тIе а тевжаш. Беркеманна тIехь хилла 25 стаг. Царах 22 вахтан белхахо ву. Болчу хаамца, беркема, охьа а кхетта, галдалар бахьана долуш яйн чевнаш хилла ву 3 стаг. Инцидентан бахьана къастош бу говзанчаш. Цхьаболчу хаамашца, беркема охьахууш кагбелла цуьнан шассин ког.

Radiomarsho.com 

Йоккхачу стагана еттарна таIзар дина Нохчийчохь тIом бинчу мозгIарна

Коми Республикан коьртачу гIалан Сыктывкаран кхело жоьпе озийна Помоздино эвларчу килсехь мозгар хилла отец Дмитрий (Матвеев). Цо йиттина хилла шен лулахочунна, пенсе яха хан йолчу зудчунна. Цунах лаьцна хаам бо БНК хаамийн интернет-агенталло. Цо яздарехь, килсан хилла мозгIар отец Дмитрий 1998-чу шарахь гIуллакх деш хилла Къилбаседа-Малхбузен тIеман гонехь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу эскарехь. Масийттаза хилла иза Нохчийчохь. ТIамехь хьуьнарш гайтарна орден а ("За службу Отечеству")... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хилларг дагалеца ца лаьа Улус-Кертахь хиллачу тIамехь дийна висначу десантхочунна

2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чохь даккхийн дарашца Соьлж-ГIалара арабевллачул тIаьхьа гIело хьоьгуш Ведана агIор дIабоьлхучу  нохчийн тIеман командиро Басаев Шемила куьйгалла дечу тIемалоша Улус-Кертана гергахь тIом болийра шайна дуьхьал яьллачу Псковерчу десантхойн ротица. Официалан версица цу тIамехь вийна 84 Оьрсийчоьнан эпсар а, салти а. 6 стаг чевнаш хиллехь а, дийна виснера. Царах цхьаъ вара Удмуртера эскаре кхайкхина волу могIарера салти Владыкин Евгений. Оццу официалан версица, 18 шо долчу цунна чов хиллера цу тIамехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тбилисехь мацалла хоьгуш ву Гамсахурдиян ши кIант

Гуьржийчоьнан хиллачу президентан Гамсахурдия Звиалан воккхаха волчу шина кIанта ГамсахурдиягIар Константина  а, Цотнес а мацалла хьехар долийна Тбилисехь инарлин прократуран фойехь. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Гуьржийчуьрчу корреспонденто. Цу шиммо доьхург ду 1993-чу шарахь ГIуран-баттахь шайн да вер хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долор. И акци йоьзна ю кху деношкахь Гамсахурдия кхелхина 25 шо кхарца.