World News in Chechen

"Новая газетан" хилла коьрта редактор: Оьрсийчоьнан эскаран буьйранча санна тIеоьцу Кадыров

Кадыровна а, цуьнан гонна а тIехь цхьа а оьрсийн низам дац алар,  тIехдаккхар ца хета "Новая газетан" хиллачу коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна.


"Оьрсийчоьнан Iедалхошна Кадыров тIемало, оьрсийн пачхьалкхан гIаролехь лаьттачу доккхачу эскаран хьалханча санна хета, - даржийна Муратовс "Ещенепознер" проектца хиллачу къамелехь. – Юкъараллан цхьана декъан бIаьргашчухула иза оьрсийн армин авангардан буьйранча ву. Иза ишта долуш санна цунах пайда оьцу Кадыровс даим а, гуттар а".


Муратовс карладаккхарехь, 2008-чу шарахь Гуьржийчоьнца хиллачу тIамехь а нохчийн тIемалой бара уггар а коьрта лоруш, ишта нохчийн эскарша дакъалаьцна сепаратистийн агIор Донбассехь а.


 


 


 


 

Читайте на сайте