World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 17.12.2018

Radiomarsho.com 

Шийла хьал ду Ханты-Мансийн махкахь бехачу нохчашкахь

Халилов Нажмудди Кху беттан 5-чу дийнахь Ханты-Мансийн Автономин Гонерчу Покачи гIалахь меттигерчу вайнахана тIелетта ОМОН-хой. Цигахь яьккхина видео яьржира социалан машанашкахула. Цу чохь го машенна тIе Iенна цIий а, кагдина машенан куьзга а. Зен хиллачийн адвоката Iораяьккхина и видео. Шайгахь герзаш а долуш, масех ницкъахочо тIекхетта, йиттина Эрсиноев Османна а, Ялхотов Сайд-Iусманна. Герз кхийсина цара кегийнах болчухьа, кхерамаш тийсина, талхийна церан бахам, дIавигина масех стаг, яздо адвоката. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Шайн низамаш" дIахIиттийна 400 Кавказера студент дIалаьцна Москох

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Орджоникидзе Сергон цIарахчу университетан 400 студент дIалаьцна Росгвардин эскархоша. Къилбаседа Кавказерчу бахархоша "шайн низамаш" хIиттийна хиллера доьшийлан юкъарIойлехь аьлла URA.RU хьостано. "Паспорташка а хьуьйсуш, талламаш а беш, рейдаш йолийнера Росгвардин эскархоша. "Тхоьца воцург тхан когашкIел хир ву" бохуш, шайна низамаш хьалха а даьхна, герзаш лелош хилла ГIалгIайчуьра студенташ дIалецна"- яздо гIирсо, "Новости Москва" пабликан информацех пайда а оьцуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Испанера турист кIелхьарваьккхина ГIалгIайчуьрчу бахархоша

ГIалгIайчуьрчу бахархоша шелонехь валарна кIелхьараваьккхина турист. Иза хилла Магадан гIалин йисттехь. Дахначу еарийдийнахь Мовсар а, Ваха а, Аслан а цIераш йолу кегийрхой хилла оцу гIала боьлхуш. Некъайистерчу кафе чохь хIума кхалла дагахь севцина хиллера уьш. Цигахь воьвзина царна вилспетаца Байкала тIе кхача Iалашо йолуш новкъаваьлла Испанера турист Андерсон. Арахь 25 градус шийла ю бахарх а, цуьнан ойла юхаерзон аьтто ца белла гIалгIайн. ШолгIачу дийнахь турист лаха тIаьхьа бахана уьш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Новая газетан" хилла коьрта редактор: Оьрсийчоьнан эскаран буьйранча санна тIеоьцу Кадыров

Кадыровна а, цуьнан гонна а тIехь цхьа а оьрсийн низам дац алар,  тIехдаккхар ца хета "Новая газетан" хиллачу коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна. "Оьрсийчоьнан Iедалхошна Кадыров тIемало, оьрсийн пачхьалкхан гIаролехь лаьттачу доккхачу эскаран хьалханча санна хета, - даржийна Муратовс "Ещенепознер" проектца хиллачу къамелехь. – Юкъараллан цхьана декъан бIаьргашчухула иза оьрсийн армин авангардан буьйранча ву. Иза ишта долуш санна цунах пайда оьцу Кадыровс даим а, гуттар а". Муратовс карладаккхарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бепиган метта маьждигаш

Кепекашкахь лучу алапах нохчий хене бовла гIертачу юкъанна, махкахь динан хIусамаш хIиттош хьийза Кадыров Бахана бутт балле Шелахь хьафизийн хьуьжар йилла йолаяйтина Кадыровс (250 мутаIеламна деша меттиг хир ю цигахь). Кишин Кунта-Хьаьжин мурд хиллачу Дурди-Шайхан цIе лелор ю цо. Схьайоьллур ю тIедогIучу шарахь. Шен цIарах маьждиг Хьафизин школаш махкахь ишта а яц кIезиг – Соьлжа-ГIалахь, Устрада-ГIалахь, Хьалха-Мартанахь, Гуьмсехь, иштта ярташкахь – ЦIоьнтарахь, Бенахь, Пхьачахь (Нажи-Юрт). Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Каддафи а, Саддам а шен турпалхой бу аьлла нохчийн министро Умаровс

Иракъан а, Ливин а байина президенташ Хьусайн Саддам а, Каддафи Муаммар а шена турпалхой бу аьлла, даржийна Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата. "Тахана дийна боцчу цу лидерех ас язйинчу постна бухахь йитина комментареш бахьана долуш, суна со декхаре хийтира цхьацца хIуманна шу тIекхион, - яздо министро инстаграмехь. – Cайн турпалхойн, Хьусайн Саддаман а, Каддафи Муаммаран а ишта инзаре чаккхе хилар дацара сан йозанийн коьрта маьIна, со шу кхето гIертара, сан доттагIий, ас буьйцург я бух а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хашогги верна эла Салман бехкехилар тIе ца дитина Эр-Риядо

Оппозицин журналист Хашогги Джамал верна эла Салман бин Мухьаммад бехке ву аьлла, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Сенато дехкина бехкаш тIе ца дитина СаIуда Iаьрбийчоьно. Паччахьаллин арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь дина цунах дIахьедар. Iамеркан Сенатан резолюци – шайн пачхьалкх Iамерко арахьарчу политикан конфликташна юкъаозор ду аьлла саIудхойн чоьхьарчу гIуллакхийн министарллехь. Бух боцуш лерина Эр-Риядо а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Сенатан бехкашдахкар. Паччахьаллин министралла тешна ю... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Цхьана шарахь оьрсийн-гуьржийн дозанехь 6, 5 миллион соьмана контрафакт схьаяьккхина

Цхьана шерачохь оьрсийн-гуьржийн дозанехула контрафактан сурсаташ бIозза дехьаяха гIоьртина аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале ФСБ-н Къилба-ХIирийчоьнан дозанхойн урхалло. Доккхачу декъанна, стоьмаш, минералан а, мерза а хиш, кофе, бедарш, мачаш, къаьркъа, цигаьркаш. Цул совнах дозанхоша схьайохура революци хилале хьалха лелийна културан мехаллаш - иконаш, киншкаш, ахчанаш, портсигараш, ишта кхи дIа а. Юкъа-кара гучуюьйлу ювелиран хIумнаш, наркотикаш а. Юккъерчу барамехь 6, 5 миллион соьмана... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гюлен Туркойчоьне дIавала дагахь ю Iамерка

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда хаамбина туркойн президенте ЭрдогIан Реджепе, Исламан динан юкъаралхочунна Гюлен ФетхуллахIна а, цуьнан цхьа могIа агIончашна а экстрадици ян дагахь ю Вашингтон аьлла. 2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчам бан гIортарна бехкебо уьш Туркойчоьно. Ши кIира хьалха Аргентинехь дIаяьхьначу саммитехь хилла цу кепара къамел, хаамбо Reuters агенталле туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта. Дикка хан ю тIаьххьарчу 20 шерачохь Iамеркехь веха Гюлен Хонкарас дIавоьху. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра кхелхина бахначу гIалгIаша кхайкхамбина Москохе (видео)

1990-чу шарахь Нохчийчуьрчу тIамах бевдда бахначу ГIалгIайчоьнан бахархоша федералан Iедалшка видеокхайкхамбина, шайна хIусамаш йоьхуш. "Сан доьзалшна цхьа меттиг, цхьа лаьттан кIошт, цхьа кибарчиг ца карийна. ХIалаюгIу йохка-эцаран центраш коьрта хета Iедалхошна", - бохуш, латкъамбо видео тIехь цхьаммо, шен цIа лаьттинчу меттигехь йохка- эцаран центр йина хилар билгалдоккхуш.   "ХIокху цхьана шерачохь оха, ца девлла кхелхина дахна долчу, дукха бахьанаш лелийна, орца ца доьхуш цхьа инстанци ца йисина. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Къоьллах ца уьду, хIаллак ца хила уьду"

Михальченко Лидия Адвокат Оболенец Алексей: Стенна йоьху кавказхоша Европе тховкIело Интерполо лоьхучу нехан дукхаллица мехкийн могIарахь рекордсмен ю Нохчийчоь. КIезиг бац леца кхайкхийначаралахь гIалгIай а, дагестанхой а. Стенна ду иза? Иштта ду "Кавказ.Реалиин" адвокатца Оболенец Алексейца хилла къамел. - Алексей, Интерполо муха тIеоьцу кавказхоша, шаьш политика бахьана долуш леца кхайкхийна, олий, ден аьрзнаш? –Буха дехкина бахьанаш а ца толлуш, тIеоьцу шега лаха кхайкхош хьажийна информаци Интерполо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан пачхьалкхехула кIезиг дIасалелла Нохчийчоьнан бахархой

Сбербанкан говзанчаша зераш дина, мел ахча дайина Оьрсийчоьнан бахархоша пачхьалкхехула дIасалелаш. Банкан хьесапца, карарчу шеран 10 баттахь пачхьалкхехула туризман а, белхан гIуллакхашна а дIасалелаш Оьрсийчоьнан бахархоша дайина 756,4 млрд сом. "Интерфаксо" даладо жамIаш, банкан зерашна тIе а тевжина. КIезиг бу дIасалелачарлахь ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а бахархой. Болчу хаамашца, оцу шина регионан бахархоша уггар а кIезиг ахча дайина дIасаоьхуш. Ишта цу тептарехь бу Тыван, Чукоткан, Ненецкан автономин гуонан бахархой а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиев Аюбан гIуллакх листар кхи дIа хьур ду

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдина гIуллакх кхи дIа листа долор ду Шеларчу кхело. Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхойн балхана дискредитаци а йина, махкара офис дIакъовлархьама долийна шена дуьхьал гIуллакх аьлла, дIахьедина Титиевс кхелехь. Хьалхо цуьнан пхеа юьртахочо тоьшалла дира Титиев бакъвеш. Титиев динца лелаш стаг вара, цо цкъа а бат тоьхна яц корта бахочу маларх, наркотикаш ца йийцича а аьллера бакъонашларъярхочун лулахоша. "Меморилан" куьйгалхочо шегара наркотикаш яьхна бохуш талламчаша чIагIдар... Читать дальше...