World News in Chechen

Роскомнадзоро дIаяьккхина 76.ru сайтана ша хIоттийна блок

Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро дIаяьккхина Ярославлехь меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан гIишлонна тIехь Путинах лаьцна йоза долу хаам зорбане баьккхинчу 76.ru сайтана ша хIоттийна блок. Бахьана ду цу хаамехь хIоттина сурт дIадаккхар. Ша хаам сайта тIехь бисина.


Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Роскомнадзоро дIакъевлинера Путинах лаьцна йоза долу хаам зорбане баьккхина 76.ru сайт. 


 


 


 

Читайте на сайте