World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 13.04.2019

Radiomarsho.com 

Роскомнадзоро дIаяьккхина 76.ru сайтана ша хIоттийна блок

Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро дIаяьккхина Ярославлехь меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан гIишлонна тIехь Путинах лаьцна йоза долу хаам зорбане баьккхинчу 76.ru сайтана ша хIоттийна блок. Бахьана ду цу хаамехь хIоттина сурт дIадаккхар. Ша хаам сайта тIехь бисина. Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Роскомнадзоро дIакъевлинера Путинах лаьцна йоза долу хаам зорбане баьккхина 76.ru сайт.

Radiomarsho.com 

ФСБ-но Тюменехь вийнарг мила ву хиина

Тюменехь "Исламан пачхьалкх" олучу тобан агIонча ву аьлла вийна ши жима стаг. Цунах лаьцна яздо "Новый день" агенталло. Болчу хаамца, шотдийнахь Iуьйранна дохийначу цIено чуьра арадаьккхина ши дакъа. Цу шиннах цхьаъ ву цу хIусаман да, Тимур цIе йолу жима стаг. ШолгIаниг мила ву хууш дац. "Новый день" агенталло яздарехь, Тимуран хилла 27 шо. Цуьнан да-нана (Нохчийчуьра нана а, ГIалгIайчуьра да а) делла маситта шо хьалха.  Меттигерчу бахархоша дийцарехь, Тимур доьшуш хилла меттигерчу №1 гимназехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

МухIажираш баракашчуьра арабохуш бу Несарарчу Iедалхоша

Къилбаседа ХIирийчуьра Пригородни кIоштара арабевлла лела гIалгIайн мухIажираш кхаа баракчуьра арабохуш бу Несарарчу Iедалхоша. Чубаха хIусам йоцуш биса мегаш бу 15 доьзал, хаам бо "Кавказский узело". Баракашчуьра арадевлча дIатардала меттиг бац шайн, цIенош эца ахча а дац, бохуш латкъамаш цу наха. "Мемориалан" белхахочо Акиев Тимура дийцарехь, цу тайпа латкъамаш мухIажирашкара сих-сиха кхочу бакъонашларъярхошка. Делахь а цул тIаьхьа Iедалхоша и нах юха а цхьана ханна Iадбуьту шаьш болччехь.

Radiomarsho.com 

Машенаш вовшахкхетта 2 адам лазийна Соьлж-ГIалахь

Жима ши машен вовшахкхетта Соьлж-ГIалин Заводан кIоштахь. ГIалин юккъера 36 дакъа кIоштан агIор воьдучу Форд Фокус-на хьалха хиинчу стага Завета Ильича урамехь машен тIетоьхна светофоран баьццара чиркх летча дIайолаеллачу Лада Приорина. Цу бохамехь лазийна Лада Приорина урхалла деш хилла стаг а, цунна улле хиина хилла зуда а. И шиъ дIакхачийна ГIаларчу республикан клиникан дарбанан хIусаме. Полицино толлуш ду хилларг.

Radiomarsho.com 

Питанашца къийсам латто зорбанан гIирсашна хийцамаш оьшу - Кадыров

Нохчийчуьрчу зорбанан гIирсашна хийцамаш оьшу питанашца къийсам латто аьлла, дIахьедар дина Кадыров Рамзана, хаам бо ТАСС агенталло. Цу хьокъехь оьшуш йолу проекташ кечъяр цо тIедиллина "Грозный" телевизионан куьйгалхочун Дудаев Ахьмадана. "Тахана Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а мостагIша шайн караэцна харцо а, питана а, хаамийн питанаш а, юкъараллана а, кхечу пачхьалкхийн бахархошна а харц хаамаш бала гIертар а, эхь доцуш баккъалла а дерг харцхьадоккхуш.  Тешна ву, журналистийн кхоллараллан ницкъ а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь еза чов йина урс карахь охьакхеттачу кIантана

Бохам хилла Нохчийчохь велиспятца араваьллачу 11 шо долчу кIантаца боьзна. ХIунда делахь а, хахкавала араволуш цо шен караэцна хилла урс. ЦIеххьана галваьлла велиспетан тIера охьакхетта иза, нисса урсана тIе а вужуш. БIаьрга кIелхула чудахана урс а долуш, иза сихонца дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу номер 4 йолчу дарбанан хIусаме. Говза лоьраш каде хьовзарна кхин тIаьхьало йоцуш дIайирзина операци. Цара дийцарехь, уьрсан буьхьиг хьена тIекхача йисина ца хилла масех миллиметр а бен. БIаьрса а ца духуш дисина. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Роскомнадзоро дIакъевлина Путинах лаьцна йоза долу хаам зорбане баьккхина 76.ru сайт

Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро дIакъевлина Ярославлехь меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан гIишлонна тIехь Путинах лаьцна йоза долу хаам зорбане баьккхина 76.ru сайт. Цу урхалло юкъатоьхна цу хаамна тIе йоьду линк Оьрсийчохь йихкинчу сайташна. Журналисташ шайн болх сацор бац. Цара шайн материалаш зорбане йохур ю 76.ru зорбанан гIирсан социалан машанашкахь йолчу агIонаш тIехь, аьлла ду "Медиазоно" бинчу хаамехь. Маршо Радионо хьалхо яздина ма хиллара, Оьрсийчуьрчу цхьамогIа зорбанан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ИГИЛ-н агIончаш хила мега аьлла адамаш дайина Тюменехь

Тюменехь "Исламан пачхьалкх" олучу тобан агIончаш хила мега аьлла нах байина ницкъаллин структурийн белхахоша. Цу гIалахь кхайкхийна контртерроран операцин раж, хаам бо "Интерфаксо". Официалан хаамаш бац байинчерах. Зорбан гIирсаша дийцарехь, шина стага дуьхьало йина хилла шайна тIелеттачу ницкъаллин структурийн белхахошна. И шиъ вийна. Герзаш деттачехь цхьана цIийнах цIе яьлла. Ток дIаяьккхина масийтта урамера. Социалан машанашкахь гучуяьллачу видеон тIехь хезаш ду герзаш детташ, ткъа иштта сурташ... Читать дальше...