World News in Chechen

МухIажираш баракашчуьра арабохуш бу Несарарчу Iедалхоша

Къилбаседа ХIирийчуьра Пригородни кIоштара арабевлла лела гIалгIайн мухIажираш кхаа баракчуьра арабохуш бу Несарарчу Iедалхоша. Чубаха хIусам йоцуш биса мегаш бу 15 доьзал, хаам бо "Кавказский узело".


Баракашчуьра арадевлча дIатардала меттиг бац шайн, цIенош эца ахча а дац, бохуш латкъамаш цу наха. "Мемориалан" белхахочо Акиев Тимура дийцарехь, цу тайпа латкъамаш мухIажирашкара сих-сиха кхочу бакъонашларъярхошка. Делахь а цул тIаьхьа Iедалхоша и нах юха а цхьана ханна Iадбуьту шаьш болччехь.


 

Читайте на сайте