World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 18.02.2018

Radiomarsho.com 

Набахтехь даккха 14 шо хан тоьхна полисхочунна

Нохчийчоьнан 22 шо долчу вахархочунна Мурадов Русланна дуьхьал даьккхинчу зуламан гIуллакх тIечIагIдина мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис. Мурадов бехкево зуламан кодексан 105 (стаг вер), 118 (могушаллина ледарлонца зулам дар) а артиклашца, . Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан объекташ ларъечу батальонан полисхо ша волчу заманчохь, белхан хан чекхъяьллачул тIаьхьа шен гамо йолчу Тайбаев Супьянна герз диттина, иза вийна цо. Мурадовс герз деттачу хенахь чохь нисвеллачу цуьнан жимахволчу вешина а кхетта шинахьа герз. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь микроавтобусна дина тIелатар кхи дIа а толлур ду

ГIалгIайчоьнан Талламан комитето кхи дIа а дахдина 2016-чу шарахь Нохчийчоьнан дозанехь журналисташ а, бакъонашларъярхой а тIехь болчу микроавтобусна динчу тIелатарх талламаш бар Къаьсттина ладаме гIуллакхаш толлучу талламхочо Берсанов Iийсас бина и хаам "Медиазонан" корреспонденте Сковорода Егоре, оцу автобусчохь хиллачех ву иза а. 2016-чу шарахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанехь цабевзачу 15-20 кегийрхоша тIелатар динера журналисташ а, "Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" бакъонашларъярхой а чохь болчу микроавтобусна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мукъаденошкахь 1,2 эзар турист кхочу "Ведучи"

Мукъаденошкахь Нохчийчуьрчу "Ведучи" когсалазийн курортехь 1, 2 эзар гергга турист хуьлу дийнахь. Сочехь хиллачу Оьрсийчоьнан инвестицин форумехь Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министраллан хьаькаман гIовса Байсултанов Одеса дина и дIахьедар. Цо дийцарехь, къаьсттина кхечу пачхьалкхийн бахархошлахь йовза яьлла "Ведучи", кху шеран прогнозца 10 процент туристаш дозанал а арахьара хилла. Официалехь байначу беттан 26-чу дийнахь схьайиллина когсалазаш хоьхку курорт "Ведучи". Итум-Кхаьллан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тбилисехь героин йоккхуш, гIажарой лецна полисхоша

Героинан йоккха парти схьа а йоккхуш, ГIажарийчоьнан виъ вахархо лаьцна Тбилисехь аьлла, хаамбина ГIуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Маршо Радион Тбилисерчу корреспонденто Кобаладзе Георгийс дуьйцу цунах лаьцна. Криминалан полицино лаьцначу гIажарошкахь 1, 5 кила героин хилла, иштта баккхийчу барамашкахь метадон олу чIогIа ницкъ болу аналгетик а. Пачхьалкхан дозан тIехь схьаяьхначу наркотикех уггар а йоккха парти лерина и. Гуьржийчохь йохка Iалашонца ГIажарийчуьра дуьйнна схьаеана хилла 1,5 кила героин... Читать дальше...