World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 28.04.2018

Radiomarsho.com 

Сомалехь Iожалхо иккхина, нах байина

Сомалерчу Галькайо гIалахь Iожалхочо ша шен эккхийтар бахьана долуш вийна лаххара а 6 стаг, 8 чевнаш йина. Масех эскархо а ву байинчарлахь. Garowe Online Сомалин хьостано баржийна и хаам. Reuters агенталло билгалдаккхарехь, террорхойн "Аль-Каида"  организацица уьйраш йолчу "Аш-Шабаб" тобано шена тIелаьцна и зулам. 2014-чу шарахь кхоллаелла ю "Аш-Шабаб" группа. "Аль-Каида" организацин Малхбалера-африкахойн филиал ю иза. Африкан Рог олучу кIоштахь шогачу исламан верси дIахIотто Iалашо ю церан. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Репрессеш лайначу къаьмнашна лерина конференци юкъахъяьккхина гIалгIайн Iедалша

"Репресси лайначарна реабилитаци яр: тахана долу хьал а, кхочушдаран проблемаш а" аьлла, и документ тIеэцна 27 шо кхачар билгалдоккхуш ГIалгIайчохь хIотийна конференци юкъахъяьккхина. И барам вовшахтоьхначара бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. Делкъанна сахьт даьлча йоло лерина бара смпозиум ГIалгIайчуьрчу цхьана хьешан цIийнехь. Нохчийчуьра, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра векалш а, иштта туркаш-месхетинцаш а бара цига гулбелла. "ГIалгIайчоьнан гIортораш" организацин векалша чIагIдарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу гIалгIазакхийн гIуллакхаш толор ду Iедалша

Къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан, информацин министраллехь цхьанакхетар дIадаьхьна Къилбаседа-Кавказан Комиссино Оьрсийчоьнан президентехула Нохчийчуьрчу гIалгIазкхийн гIуллакхашкахула йолчу Советан декъашхошца цхьаьна. ГIалгIазакхийн юкъараллашна, цхьанакхетаршна а пачхьалкхан гIо эшарх дийцина цу гонашкахь. Къамелехь дакъалаьцначу департаментан директоро Абазов Рустама, билгалдаьккхина, махкахь кхиам а, чIогIалла а хуьлийла дац синан а, оьздангаллин а кхетош-кхиор дацахь а, регионехь дехачу массо а къаьмнийн ламасташ а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанера 18 стаг вайна Каирехь, шайца бераш а долуш

Ах шайлахь бераш а долуш, Дагестанера 18 стаг вайна Каирехь. Шоьтан буса и хаамбина "Мемориал" бакъонашларъяран центро, байначийн гергарчун Байсултанов Гусейнан хаамашна тIе а тевжина. Цо дийцарехь, байначу баттахь цуьнан шича Байсултанова Сакинат герзаца болчу наха дIайигинера. Цул хьалха цара хеттарш динера цуьнга цуьнан хиллачу цIийндех лаьцна, Шемарчу тIамехь волчу Алигаджиев Ахьмадах. Кху деношкахь юха а Байсултанова Сакинатан хIусаме а баьхкина иза а, цуьнан гергара нах а дIабигина берашца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тувара полисхой хьовсийна Нохчийчу

ПIераскандийнахь Тува республикан чоьхьарчу министраллан хьалха гулбинера Нохчийчу хьажон вовшахтоьхна ницкъаш. Туван хьалханчас Кара-оол Шолбана билгалдаьккхина: "Масийттазза цхьанакхетар хилла сан Нохчийчоьнан куьйгахочуьнца Кадыров Рамзанца. Вайн бераш ледара ма дитахьара аьлла, тIекаре йинера ас цуьнга. ХIинца а дехар дийр ду", - аьлла. Маса стаг ву Нохчийчу хьажош, билгал ца даьккхина, амма дийцина цига боьлхурш ППС-н а, некъан полицин а, наркоконтролан а, муниципалан полицин дакъошкара векалш хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Машен тIетоьхна Ставрополехь вийна Нохчийчуьра вахархо

Ставрополан кIоштарчу Минводы гIалана а, Невинномысскна а юккъерчу боккхачу некъа тIехь машен тIетоьхна вийна Нохчийчуьра вахархо, хаамбо регионерчу некъан полицино. 40 шо долу нохчо буьйсанна кхерамечу новкъахула дехьа волуш хилла, машенаш тIехь болчийн тидам хилийта шена тIехь я буса лепа билгало а йоцуш. "ВАЗ-211440" машенан шоферна ца гина некъахо, хаьхкина йогIучу автомобило лазийна стаг, лоьраш тIе а кхачале велла. Болчу хаамашца, машенлелорхо а хилла Нохчийчуьра 24 шо долу вахархо. Невинномысскан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Австрино арабоккхуш бу Дагестанера доьзал

Пхеа шарахь Австрехь даьхна Дагестанера МагомедовгIар Мохьмад а, Насибат а шайн кхаа бераца гергарчу хенахь пачхьалкхера арадоккхуш ду. Даймахкахь Iедалша хьийзийначу царна Австрино политикан тховкIело ца ели. 2012-чу шарахь ХIинжа-гIалахь шен лулахо полисхоша вуьйш теш хилла ву ша бохуш, чIагIдо Мохьмада. Шена цаьргара кхерам хаабеллачул тIаьхьа цо катоьхна дIатесира Оьрсийчоь. ХIетте а кхелаша цуьнан дехарна жоп ца делла. Йоццачу хенахь немцойн мотт а Iамийна, МагомедовгIеран доьзал  дIаийра меттигерчу бахархошца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь белхан алапаш хьаладаьхна

Махкара бахархойн терахь 22, 4 эзарна тIекхетта, ткъа белхан алапаш юкъъерчу барамехь аьлча, 11,1 проценте хьаладьхна. Нохчийн статистийн урхаллан пресс-релиз тIехь бечу хаамашца, яздо  Зазадоккхучу-беттан хьалхарчу дийнан талламашца 1 440 400 стаг веха Нохчийчохь. Стохка гайтинчу барамца дуьстича 1,6 процент бахархой тIекхетта. Дечкен-Чиллан беттанашкахь алапа хьаладаьлла, яздо статисташа, стохка бахархоша оьцучуьнга хьаьжча. 11,1% проценте кхиина бахархойн алапа, вуьшта аьлча 23874.7 сом.

Radiomarsho.com 

"Стоп, энерговор" акци йолийна Гуьмсехь

Гуьмса кIоштарчу "Чеченэнергон" говзанчаш маьхза ток ягочаьрца къийсам латто арабевлла. "Стоп, энерговор" акцин гурашкахь цара теллина масех гIали юккъера коммерцин объект. Церан ток ягоран барам хаъал лахбеллера хIинццалц хиллачуьнга хьаьжча. "Шеконийн бух карийра тхуна. Кхаа меттигехь низамца а доцуш ток ягор лахдеш хилла цара я пломба йохош, я лерина "чип" хIоттош. Оцу кепашца ягочу элекроэнергино лахара терахьаш гойту",- аьлла "Чеченэнергон" векало. ХIора а ток лачкъийначух материалаш ницкъаллийн структурашка дIакхачор ю. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн режиссерийн фильмаш фестивалехь гойтуш ю

Къилбаседа Кавказан кегийрхойн кинофестиваль дIахьура ю Кхарачойн-Балкхаройчохь карабогIучу беттан 3-4-чу а деношкахь. Пачхьалкхан искусствон институте жюрин кхеле кховдийначу 35 кинох 21 гойтур ю. Финалистийн тептаре яьккхина 10 йоца фильм, 7 телевизионан документалан кино а, 4 социалан ролик а. Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Кхарачойн-Балкхаройчуьра а, Къилба ХIирийчуьра а, ишта кхечу регионашкара а авторийн фильмаш ю программи юкъахь. Нохчийн режиссерийн Дунаев Адаман "Заурах кехат" а, Никулина... Читать дальше...