World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 11.10.2018

Radiomarsho.com 

Кадыровга гечдар дехначу кIантана ден долчу таIзарх дийцина министро

Кадыров Рамзан дарвинчу жимчу стагна таIзар дийр ду даймахкахь. Махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата кхетош-кхиоран болх дIахьур бу цуьнца аьлла. Ишта министро даредарца, хIинцале а таIзар хилла цунна, социалан машанашкахь вийцарца. "Цуьнан тайпанна а тIехь "доккха эхь" ду и. Цу кепара сийдоцу хIумнаш нохчийн Iедахошна дукха сиха кара а йо, царна таIзарш а до", - аьлла Умаровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна ца тайнера вевзаш воцчу жимчу стага транспорт тIехь дуьхьал хиъна Iачу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIала: 200 шо а, 200 нускал а

Соьлжа-ГIалахь даздарш дирзинехь а, цу дийнахь майданахь лаьттинчу 200 нускалх дийцарш хIинца а лахдалаза ду.

Radiomarsho.com 

Нурмагомедов Хьабиб КIуссун сий долу вахархо ву

Къилба ХIирийчуьрчу Дигоран кIоштан КIуссу эвлан администрацино шайн юьртан сий долу вахархо вина UFC-н чемпионах Нурмагомедов Хьабибах. "Даймохк" патриотийн клубан куьйгалхочо Карданов Тимура, (цуьнан инициатива ю цIе ялар) "Кавказ.Реалии" портале дийцина, Iуьйранна ворхI сахьт даьлчхьана меттигерчу цхьана хIусамехь гул а делла, шаьш латаре хьовсарх. "Тхайн дош ларди оха. Нурмагомедов Дагестанан цIарах леташ ма вацара, йоллу Оьрсийчоьнан цIарах ма вара иза. КIуссу эвлан бахархой а санна, иза а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ша карзахваьккхинера питанчаша аьлла Нурмагомедовс Путине

Владимир Путинца Ульяновскехь цхьанакхетар хилла Дагестанерчу латархочун Нурмагомедов Хьабибан а, цуьнан ден а, хаамбо Кремлан сайтехь. Хьабибан дас Нурмагомедов Iабдулманапа дийцира президенте, шен воI ша хала кхиорах. "Хала бер дара хIара", - аьллера дас. "Атта хиллехь, ишта латархо кхунах хир вацара", - жоп делла Путина. Цул совнах, Оьрсийчоьнан куьйгалхочо шена хетарг аьлла, латарш дирзинчул тIаьхьа Нурмагомедовс хьовсархошлахь скандал ярх. Шена питанаш динера, цундела са ца тохаделира шега аьлла кIелхьаравала гIоьртинера Хьабиб. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь мобилан интернетца проблемаш ю алар бакъ ца до Iедалша

Республикехь мобилан интернет болх беш яц бохург харцдина ГIалгIайчоьнан Iедалхоша. Хьалхо хаамийн гIирсашкахь яздора регионан дозан тIехь операторийн 3G а, 4G а болх беш яц аьлла. Нохчийчоьнна латта дIадаларна дуьхьал болчу гIалгIаша хIитточу митингашца доьзнера и хьал публикацешкахь. BBC-н хаамашца, кху беттан 3-чу дийнахь дуьйнна юьйлаеллера мобилан интернетца проблемаш. Протестан акцеш дIахьочу цхьана Магасехь хилла ца Iаш, йоллу ГIалгIайчохь интернетна тоьхна дозанаш дара. Къилба ХIирийн территори тIе ма велли интернет гучуйолура... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Чуьйрийн лазаршца 13 стаг дарбан цIийне кхачийна Нохчийчохь

Нохчийчьура 13 вахархо чуьйрийн лазаршца дарбан цIийне кхачийна, кафечохь котамах бина кхача биинчул тIаьхьа, хаамбо РЕН ТВ канало. Шиъ бер ду царлахь. Телехьожийлан информацица, кIегаш тIехь кечйина хилла цара йиина котам. Карарчу хенахь толлуш ду оцу хиламан бахьанаш.

Radiomarsho.com 

Шемара ГIажарийчоь ара ца ялахь Iамерко ша ахча лур дац аьлла

ГIажарийчоьно гIортор ен эскарш Шемара ара ца дахахь, пачхьалкх меттахIотто Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа ахча лур дац аьлла, дIахьедина пачхьалкхан секретаро Помпео Майка. "И эскарш оцу пачхьалкхехь латтор Шеман Iедалхошна тIехь ду, цундела ГIажарийчоь махкара араяккхаран жоьпалла а царна тIехь дуьссу", - аьлла, билгалдаьккхина Помпеос. Хьалхо Iамеркан президентан хьехамчас Болтон Джона дIакхайкхийра, Шемахь "йиссина яьлла" Оьрсийчоь, хIинца шен ма хуьллу пачхьалкх юхаметтахIотто таронаш лоьхуш ю Малхбузехь аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемара ГIажарийчоь ара ца яккхахь Iамерко ша ахча лур дац аьлла

ГIажарийчоьно гIортор ен эскарш Шемара ара ца дахахь, пачхьалкх меттахIотто Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа ахча лур дац аьлла, дIахьедина пачхьалкхан секретаро Помпео Майка. "И эскарш оцу пачхьалкхехь латтор Шеман Iедалхошна тIехь ду, цундела ГIажарийчоь махкара араяккхаран жоьпалла а царна тIехь дуьссу", - аьлла, билгалдаьккхина Помпеос. Хьалхо Iамеркан президентан хьехамчас Болтон Джона дIакхайкхийра, Шемахь "йиссина яьлла" Оьрсийчоь, хIинца шен ма хуьллу пачхьалкх юхаметтахIотто таронаш лоьхуш ю Малхбузехь аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: гIалгIай а, нохчий а вежарий бу

ГIалгIай а, нохчий а вежарий бу аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Евкуров Юнус-Бекца дозанаш билгалдохуш куьйгашяздинчул тIаьхьа хилла цхьанакхетар дирзича. "Луларчу эвлахь Евкуров ву аьлла, сайна ма хеззи, ас телефон тоьхнера цуьнга, цунах кхета лаарца. Юха а цхьабарт хилира тхошиннан, цкъа а юкъара гергарло доха йиш йоций а хоуьйтуш. Тхо вежарий ду, тхо цхьаъ ду", - яздина Кадыровс шен Телеграм каналехь. Цул хьалха ГIалгIайчоьнца дозанашкахь йолчу Бумматан бахархошца къамелаш дира Кадыровс... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровга шена гечдар дехна Москох "Ахмат - Сила" аьллачу кIанта

Метро чохь оьрсийн кIантана тIе энергетикан хи чуьра банка а ластош, "Ахмат - Сила" алар, тIедожийна нохчийн кIант каравахна Нохчийчуьрчу Iедалхошна. Мехкан куьйгалхочо масех сахьт хан еллера цунна шена тIе ван. Видеоролик дIаязйина цу кIанта шена гечдар доьхуш нохчийн къоме а, республикан урхалхочуьнга а. "Сайгара яьллачу сонталлина сайна гечдар доьху ас. Соьгара боккха бехк баьккхина мехкан куьйгалло а, сан дас-нанас а. Доьху массаьрга а сайна гечдар", - аьлла жимчу стага. Маршо Радионо яздира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москох харцахьа леллачу нохчочуьнга шена тIевола аьлла Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна ца тайна вевзаш воцчу жимчу стага транспорт тIехь дехьо хиъна Iачу кIантана энергетик чохь хилла шиша тIе а ластош, "Ахмат- сила" алар цунна тIедожор. Юкъарчу транспорт тIехь оьзда хилар доьху дуьхьал оьрсийн кIанта. Яьккхина видео нохчочо ша яржийна интернетан машанехь. ХIинцале а цуьнга хьаьжна 2 эзар сов стаг. Оцу суьрто оьгIазвахийтинчу Кадыров Рамзана масех сахьт хан елла видео тIехь волчу нохчочунна шен гергарчу нахаца шена тIеван. Бакъболчу нохчаша шайн гIиллакхаш а... Читать дальше...