World News in Chechen
Август
2021

Новости за 24.08.2021

Radiomarsho.com 

Гуьржийчохь пхи нохчо лаьцна. ДаIишца уьйраш хиларх шеконаш ю царах

Шинарин дийнахь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло (СГБ) хаам бина, Iуьйранна ПIаьнказан чIожехь дIаяьхьначу леринчу операцехь пхи нохчо лацарх, Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана байIат дина ву аьлла. Урхаллан хаамехь чIагIдо, шеконаш эгнарш, жимахволчун 18 шо ду, воккхахволчун -20 шо, "террорхойн могIарх дIа а кхетта, Шема дIабаха гIерташ хилла" аьлла, цигарчу тIамехь дакъалаца. Оцу юкъанна, организацин цхьахволчу куьйгалхочунна хьалха "байIат деш дIаязйина видео"яржийна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Талибан" - радикалийн хьогам. ОвхIанистанерчу хьоло тIеIаткъам бийр буй Кавказана?

Олигархаша а, коррукцино а къам къоьлле кхачийначу муьрехь тоьлла "ТIалибан" – иштта ойла лела ОвхIанистанера сурт тергалдечу нехан цхьана декъехь (Оьрсийчоьно терроризман а лоруш, йихкина ю "ТIалибан"). ОвхIанистанан дозанца йолчу Юккъерчу Азин пачхьалкхашкахь а, ша Оьрсийчохь а хьал чолхене мел долу а алссам кегийрхой ойланаш лаьттар ю "джихIадехь тоьллачу", хIинца Iедалехь чIагIлуш йолчу "Талибанехьа", аьлла хета Кавказ.Реалиица къамелаш динчу эксперташна. "Исламан пачхьалкхца а, "Кавказ Имаратца"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Спецоперацехь нах лецна ПIаьнгазехь

Яхначу буса пхи стаг лаьцна ПIаьнгазан чIожерчу шина эвлахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь. Лецначийн гергарчара бахарехь, церан хIусамех хьийсина бац, кегийрхойн мобилан телефонаш дIаяхьар доцург. Гуьржийн къайлахчу сервисаша тIечIагIдина операци дIаяхьар, амма цунах лаьцна хаам тIаьхьо бийр бу шаьш аьлла

Radiomarsho.com 

Дагестанан лаьмнашкахь лоьхуш бу Iовраша баьхьна нах

Дагестанан ломарчу кIошташкахь меттигерчу бахархошца цхьаьна Iовраша ваьхьна пхи стаг лоьхуш бу орцанхой. Оршотан суьйранна цIеххьана, ша а тухуш, чехка догIа а тоьхна, Гунибан кIоштахь ломахь йисна 30 стагах лаьтта туристийн тоба. Iалам кхарзахдаьлча хе даьхьна меттигера яхархо а, цуьнан кIант а, “ГАЗель” машен лелорхо

Radiomarsho.com 

Хаттам: Къилбаседа Кавказехь хIора пхоьалгIа белхахо вакцинацина дуьхьал ву

Къилбаседа Кавказерчу белхан меттигашкара 20% сов бу диллина коронавирусан уьнах вакцинаци ярна дуьхьал. Доккхачу декъанна, шайна цалаар кхетало цара Оьрсийчоьнан медицинан препаратех цатешам хиларца, яздо, "Мегапланан" а, HeadHunter-н а талламашна тIетевжина obzor.io ресурсо. Оцу зерашца а догIуш, 35 процент регионерчу компанешкахь вакцинаци дIаяьхьна шайн лаамехь, ткъа 31% респондеташа дIахьедарехь, бертаза йина царна. Прививка яйта дуьхьал хиллачу 34 процент бахархошна кхерамаш тийсина хилла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маса даьхкинчу хиша ваьхьна пхи стаг лоьху Дагестанан лаьмнашкахь

Чехка догIанаш даьхкина,  дистина тIедаьллачу хе ваьхьина пхи стаг ву лоьхуш Дагестанан лаьмнашкахь орцанхоша меттигерчу бахархошца цхьана. Гунибан кIоштахь доьза вайна ши стаг - Москвара а, Петербургера а цхьацца вахархо. Левашинскан кIоштахь хе яьхьна нана а, кIант а чохь хиллав "ВАЗ-2107" автомобиль. Кхин а меттигера цхьа вахархо ваьхьина "Газель" машено Левашинскан кIоштарчу Куппа эвлахь. 300 метар дехьа машен хааелла, ткъа цуьнан урхалла дийриг карош вац, яздо "Интерфаксо". Дагестанан орцан министралло хаам барца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ПIаьнказан чIожехь дIаяьхьначу леринчу операцехь пхи стаг лаьцна

Яхначу буса пхи стаг лаьцна ПIаьнказан чIожерчу шина эвлахь дIаяьхьначу спецоперацешкахь. Кхоъ лаьцна Коретехь, шиъ каравеана Дуисихь, хаам бина "Эхо Кавказа" сайто. Лецначийн гергарчара бахарехь, церан хIусамех хьийсина бац, кегийрхойн мобилан телефонаш дIаяхьар доцург. Хьалххе йовзийтинчу информацица, талламбо Зуламан кодексан 327-чу артиклехь, цо тIедожадо жоьпалла террорхойн организацехь дакъалацарна, террорхойн организаци кхолларна, я цуьнан урхалла дарна. Гуьржийн къайлахчу сервисаша тIечIагIдина спецопераци дIаяхьар... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Афганистанан бахархой къинтIера баьхна Нурмагомедов ша аьллачунна

Афганистанан бахархошна хьалха бехказавийла дезна UFC-н хиллачу чемпионан Нурмагомедов Хьабибан. Хьалхо дIахьединера цо, "Оьрсийчоьнна 1000 чакхарма гена долчуьнца шен гIуллакх дац" аьлла. Кху беттан 18-чохь Москвахь Gorilla Energy брендаца контрактна куьйгаздарна леринчу пресс-конференцехь аьллера цо ишта. Афганистанера цуьнан фанаташ эргIад бахийтинера цуьнан жоьпо, латархочух шайн бIаьрг бадарх яздора цара. Спортхочун инстаграмерчу поста бухахь сийсазе комментареш юьтура овхIанхоша. Карарчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Беларусица дозанехь 2,5 метар керт ян Iалашо ю Польшин Iедалхой

Польшин Iедалхоша сацам бина, Беларусица дозанехь 2,5 метар лекха дуьхьало ян. Оршотан дийнахь бина цунах лаьцна хаам Польшин тIеман министро Блащак Мариуша. Ишта цо бахарехь, дозанхошна гIоьнна кхин тIе а эскархой узур болуш бу дозане. ТIаьххьарчу кIиранашкахь чуоьху мухIажарш алсамбовларца доьзна Варшавехь йоху гIулчаш ю уьш. Бу уьш, Белорусин Польшица долу доза а хадош, Евросоюзехь тховкIело еха лаамца схьагIерта Иракъан а, Гергарчу Малхбален а, Азин а бахархой Варшавина а, цуьнан Евросоюзехула болчу партнерашна а хетарехь... Читать дальше...