World News in Chechen

ПIаьнказан чIожехь дIаяьхьначу леринчу операцехь пхи стаг лаьцна

Яхначу буса пхи стаг лаьцна ПIаьнказан чIожерчу шина эвлахь дIаяьхьначу спецоперацешкахь. Кхоъ лаьцна Коретехь, шиъ каравеана Дуисихь, хаам бина "Эхо Кавказа" сайто.


Лецначийн гергарчара бахарехь, церан хIусамех хьийсина бац, кегийрхойн мобилан телефонаш дIаяхьар доцург.


Хьалххе йовзийтинчу информацица, талламбо Зуламан кодексан 327-чу артиклехь, цо тIедожадо жоьпалла террорхойн организацехь дакъалацарна, террорхойн организаци кхолларна, я цуьнан урхалла дарна.


Гуьржийн къайлахчу сервисаша тIечIагIдина спецопераци дIаяхьар, амма дIахьедина, официалехь информаци тIаьхьо яржор ю шаьш аьлла, яздо Хьалхарчу канало.

Читайте на сайте