ВорхI стаг велла, зенаш хилла 50 эзарна. Дагестанехь хи тIедаларан бахьанаш а, тIаьхьало а
Цхьана кIиранчохь шолгIа а даккхий догIанаш даьхкина хи тIедаьллера Дагестанехь. Мел лахара а ворхI стаг велла, зенаш хилларш бу 50 эзар сов. Хи тIедаьлча нисбеллачу токхамаша хIаллакдина бIенашкахь цIенош а, некъаш а, охьадогIу хи бехделлера, иттаннашкахь эзарнаш нах бисира ток йоцуш. Меттигерчу Iедалхоша чIагIонаш йо, хьал шайн тергонехь латтош ду шаьш бохуш, ткъа хиллачунна бехкебо бен-башха доцуш гIишлош йина нах а, и гIишлош хьалайан царна бакъо йелла хьаькамаш а. Ткъа хIун аьлла хета цунах лаьцна шайна... Читать дальше...