Цхьана беттачохь шолгIа совгIат дина Кадыровна – цементан индустри кхиорехь "къаьстина дакъа лацарна"
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна керла совгIат делла - "Оьрсийчохь цементан индустри кхиорехь къаьстина дакъа лацарна" аьлла, I -чу тIегIан орден. Нохчийн урхалхочуьнга совгIат дIаделла цемент йечийн Йукъараллан директоро Мартынкина Дарья. Кадыровн керлачу совгIатах лаьцна хаамбина охан-беттан 14-чохь шен телеграм-каналехь Кадыровс. Публикацихь чIагIдарехь, Мартынкинаца цхьанакхетаран коьрта Iалашо йара «Чеченцемент» компанина модернизаци йан кечйина проект йийцарейар а, цуьнан болх а... Читать дальше...