Кадыровс бусалбанаш къинтIера баха декхарейо Израил
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Израилан Iедал декхаредо полици а, палестинахой а вовшахлаташ Ал-Акъса маьждиге гулбелла нах лазорца доьзна бусалбанаш кIинтIера баха.
"ХIоьттинчу хьолехь массарна а тоьлу Израилан Iедал кхетамчу дар, хиллачунна бехкенаш къерабар. Цкъачунна тIаьхьа дац, ерзае конфликт, ца ерзаяхь, бохаме хир бу тIаьхьалонан барамаш! ", - яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.
Малхбалерчу Иерусалимехь Стигалкъекъа-беттан 7-чохь вовшахлетира Израилан полици а, палестинахой а. Лазийра 200 сов стаг. ШолгIачу дийнахь а лаьттира летарш – кхин а 80 стаг лазийра.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан халкъан кхерамзаллин гIоьнчас Салливан Джейка телефонехула Израилан къоман кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочуьнца Бен-Шаббат Меиромца къамел деш сингаттам хазийна Малхбалерчу Иерусалимехь летарш нисдаларан а, Шейх-Джаррах кIоштара Iаьрбийн доьзалш арабахаран а хьокъехь.
2017-чу шарахь Иерусалимехь полисхошна тIелатар динчул тIаьхаьа Ал-Акъса маьждиге нах эчиг лохучу деторшкахула а бохуш чубахийтар долор ца тайра Кадыровна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира хIетахь, маьждигна дуьхьал санкцеш хIиттор дац терризманна дуьхьаллаттар, иза исламна еш дуьхьало ю.
Кадыровс тIаьхьа дIахьедира, ша кийча ву, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарш шегара охьа а диллина, "дисина дахар чекхдаллалц Ал-Акъса маьждиг лардеш латта".