Чехино диъ миллиард крона доьхур ду Врбетицехь лелхийтарш дарна Оьрсийчоьнера
Оьрсийчоь лаххара а цхьа миллиард крона (47 миллионов долларов) ахча Врбетицехь 2014-чу шарахь герзан хIоьънийн ларманаш лелхийтарна охьадилла декхарейийр ю Чехино. Иштта ду Чехин телегойтийлехь финансийн министра Шиллерова Аленас дина дIахьедар. Денош хьалха оццул компенсаци еха тIедожийра пачхьалкхан парламенто Чехин Республикан Iедална. Прага дагахь ю масех кIиранах компенсаци ехарх долу документаш кечдан. Хьехош доллучул ахча дайъина пачхьалкхо шен бюджетера лелхийтарша дина зен меттахIоттош. Читать дальше...