Вакцина тоьхна боцчарна, уьш цомгуш хилахь, дарба лелор дац, аьлла Кадыровс
Коронавирусна дуьхьал вакцинаци яйта реза берш а, боцурш а билгалбоху комисси кхолла еза, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И къамел цо дина Соьлжа-ГIалахь COVID-19 цамгарна дуьхьаллаьттачу оперативан штабан кхеташонехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь.
Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, дIахьедина Кадыровс.
Цунна гарехь, бахархой кхоалгIачу локдаунах, комендантан сахьтехь, масканаш лелорах кIелхьарбахалур бац вакцина массара а ца тохийтахь.
Хьалхо баьржинчу хаамца, Кадыров шена къинтIера ваьккхина ца цунах "шайтIа" аларна Пермерчу цхьана кхизхочо. Оцу хьокъехь видео яра яьржина нохчийн инстаграм-каналашкахула.
Кадыровс "малончаш" элира деношкахь мехкан бахархойх. Цунна хетарехь, дуккха а белхан меттигаш ю Нохчийчохь, амма бахархошна ца лаьа къахьега. Регионехь оцу бахьаница ю белхазалла лакхара, тешна ву иза.