World News in Chechen
Май
2021
22

Новости за 26.05.2021

Radiomarsho.com 

600 тутмакх хьажош ву тIебогIучу баттахь БАМ-некъ чекхбаккха

Байкал-Амуран аьчка некъ (БАМ) билла тутмакхийн хьалхара дакъа, 600 стаг, хьажор ву Мангал-баттахь. Корматалла хьашт йочу белхашка набахтешкара нах дIаязбеш ю Оьрсийчоьнан аьчка некъаш " (РЖД) компани. Оцу хьокъехь хаам бо "Коммерсантъ" газето, хьал девзачу кхаа хьастанна тIе а тевжаш. Тутмакхаш хир бу «Iаьржа белхаш» беш, бетон юттуш, арматура кечъеш Малхбалерчу полигонехь. "Промстрой" компани ю шена 100 тутмакх-белхахо схьаоьцуш. Аьчка некъийн урхалло хаийтина, ша набахтешца конракташ хIиттош ю, аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украинера нохчий а, оьрсийн леррина сервисаш а

Шайхан Мансуран цIарахчу батальонан командира ЧIеберлойн Муслима боху: Украинехь шайн тобанна санкцеш кхайкхорна декъах хила мега оьрсийн леррина сервисаш. Украинин кхерамазаллин сервисо цкъачунна жоп ца делла Кавказ.Реалиино оцу дIахьедарх лаьцна динчу дехарна.

Radiomarsho.com 

Кадыровхоша йиттина гIалгIайн "Эрзи" комплексан белхахошна

Iалашъеш йолчу ГIалгIайчуьрчу "Эрзи" комплексан белхахошна йиттина Нохчийчуьрчу ницкъхоша, ткъа церан белхан машен а а документаш а дагийна, хаам бо гIалгIайн "Фортанга" ресурсо. Кавказ.Реалиига хьал девзачу хьасто бинчу хаамца, Стигалкъекъа-беттан 21-чохь "Эрзи" комплексан территори зуьйш хилла цуьнан белхахой, Нохчийчуьра полицера хила тарлучу ницкъхоша уьш лецча. Бахьана хоуьйтуш а доцуш, полицин декъе бигна уьш, цигахь телефонаш дIаяьхна цаьргара. Масех сахьтехь чохь а латтийна, дIабигна уьш лецначу меттигна герга... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Православин вайнах? Бацойн къайле

Бацой (оьрс. -бацбийцы) бехаш бу карарчу хенара Гуьржийчоьнан территорина тIехь. Цера мотт тера хетало нохчийн маттах, амма уьш лоруш бу гуьржийн халкъан дакъа. Динах лаьцна аьлча, гуш ду оцу къомо (этносо) 19-чу бIешарахь дуьйна керстанан православин а, деланийн динан а Iадаташ лелош хилла хилар. Ткъа мичара схьабевлла бу бацой, вайнахца орамаш долуш-м бац-те уьш? Шаьш бацоша шайх "бацби" олу. Уьш беха меттиг ю кълбаседа-малхбалера Гуьржийоь. Алсам бу бацой Кахетин Телавин муниципалан гонан Ахметан кIоштарчу Земо-Алвани эвлахь а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Онлайн кепехь хир бу харжамаш Ростов-махкахь

"Госуслуги" порталехула кхаьжнаш таса йиш хир ю нехан, цIахь а Iеш, Гезгамашин-беттан харжамашкахь Оьрсийчоьнан 6 регионехь. Къилба регионехь оцу кепехь кхаьжнаш таса таро хир ю Ростов-махкахь. Иштта бу Оьрсийчоьнан харжамийн коьртачу комиссино бина сацам. "Тхо дистанционан кепехь,  "тIеман" хьелашкахь кхаьжнаш муха тосу зен дохку, оцу барамна юкъа 1-2 миллион харжамхой а озош", - билгалдаьккхина пачхьалкхерчу харжамийн коьртачу комиссин куьйгалхочун гIовса Булаев Николайс. Тест еш, дистанционан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Вакцина тоьхна боцчарна, уьш цомгуш хилахь, дарба лелор дац, аьлла Кадыровс

Коронавирусна дуьхьал вакцинаци яйта реза берш а, боцурш а билгалбоху комисси кхолла еза, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И къамел цо дина Соьлжа-ГIалахь COVID-19 цамгарна дуьхьаллаьттачу оперативан штабан кхеташонехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь. Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, дIахьедина Кадыровс. Цунна гарехь, бахархой кхоалгIачу локдаунах, комендантан сахьтехь, масканаш лелорах  кIелхьарбахалур бац вакцина массара а ца тохийтахь. Читать дальше...