Журналисто, "Взгляд" программа дIахьош хиллачех цхьаъ волчу Политковский Александра комментари йина шен белхан накъосто Захаров Дмитрийс, 1995-чу шарахь Листьев Владислав вейтинарг карарчу ханахь дийна воцу олигарх Березовский Борис вара аьлла ялийначу версина.
Политковскийс РЕН ТВ телеканалана дийцарехь, иза яьржина теори яра. И верси хила тарлуш ю. Амма, Политковскийна хетарехь, атта дара махкара веддачу Березовскийна иза тIетатта. Цо чIагIдарехь, телеэфирехь реклама алсам яларх лаьцна сацам беш верг Листьев вацара, директорийн кхеташо яра.