Эрмалойчоьнан парламентан харжамашкахь тоьлла Пашинянан парти
КIирандийнахь чекхбевллачу Эрмалойчоьнан парламентан харжамашкахь тоьлла Пашинян Никола коьртехь волу "Махкахойн барт" парти – 53,92% кхаьжнаш бу цуьнгахьа. Иштта бу пачхьалкхерчу харжамийн коьрта комиссино, кхаьжнаш берраш а багарбинчул тIаьхьа, баржийна хаам. Амма бакъду, оцу партина 0,8% кхаьжнаш ца тоьъна Iедал дуьззина шен декъашхойх дIахIотто, билгалдоккху ТАСС агенталло. ШолгIачу меттехь йолчу "Эрмалойчоь" блоко хIинцале дIахьедина, харжамийн жамIаш нийса дац, аьлла. "ТIаьххьарчу 8 баттахь леллачу хиламашка хьаьжча... Читать дальше...